ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Божаршна шаьш етташ хьисийтина зударий". HRW-н векало дуьйцу Беларусерчу изоляторшкахь лелочух


ХIинца а протесташка буьйлу нах Беларусехь. Карарчу беттан 9-чу дийнера схьа дуьйна акцешкахь лецначу нахах хIоттийна тептар зорбане диллина Лакхарчу кхело - 500 сов вахархо ву уьш. Шаьш лоьцучу заманчохь, шайна тIехь ницкъабарх дуьйцу бахархоша.

Цигарчу хьолех дийцина Настоящее Время телеканале дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Human Rights Watch организацин Европерчу а, Юккъерчу Азин а декъан куьйгалхочун гIовса Локшина Татьянас. Кхаарин дийнахь юхаеана иза Минскера.

- Минскехь тахана лаьтта хьал стенца дузур дара ахь, цуьнан мах а муха хадор бара ахь?

- Минскехь а, Беларусин цхьа могIа гIаланашкахь а тахана гуш дерг, цхьа таIзар латтон шуьйра операци ю олийла ду. ХIунда аьлча, цхьа мухха а нах лецар дац иза, цу кепара лецарш Беларусехь, керла дац. Лецначарна еттар а, дан догIург дацахь а, Беларусехь хуьлуш хIума ду. ХIара билггал йолийна шуьйра лерина операци ю, нах кхеро, царна тIаIзар дан Iалашонца. Шайгара цхьа зуламе гIуллакх даьллачу нахана - ураме бовларна- дуьхьал долийна таIзарш ду.

Сайн коллегашца цхьана Минскехь даьккхинчу масех дийнахь, оха тергойинарг ду и. Хаамийн гIирсашкахь даржийна дуьйцуш ду, резинех дина хIоьънаш лелорах а, бIаргаш Iовжон газ хецарх а, серло луш, гIовгIане йолчу гранатех пайдаэцарх а. Йоллу стигал дIалаьцнера церан сингаттамечу таммагIаша.

Цул совнах, муха дIалоьцуш бу нах? ХIун до оцу стага, ша лацийтархьама? Ураме волу иза, къаьсттина са дайначу хенахь. Минскехь суьйранна массо а хIума дIакъовлуш ю: кафеш, туьканаш, гIалин юккъе ца юьту машенаш, метрон станци а цхьана ю къевлина. Техникан бахьанашца къевлина олу Iедалхоша, кхин бахьанаш цара дуьйцуш дац. ТIаккха, суьйренца хьо гIалин ураме валахь, полицино хьайн вахархочун позици дIакхайкхо араваьлла хьо олий, протестан декъашхо санна, лоций, дIавуьгу иза.

ХIун ду хьулуш дерг? Полисхойн автобусаш хуьлу гIалахула дIасалелаш, церан машенийн неIарш йиллина латтош ю. Ара а хьуьйсуш, новкъахь лаца стаг лоьху цара. Кегийн а, яккхийн а тобанашкахь лаьтташ хуьлу кегийрхой арахь. ХIаъ, хуьлу цаьрца, куьйгаш а детташ, "Жыве Беларусь!", "Уходи!", "Свобода!" бохуш, маьхьарий деттарш а. Иза а зуламе хIума ду, царна гергахь. Бу царлахь тапъаьлла, новкъахула дIабоьлхурш а. Ницкъахоша ара а лелхий, куьйгаш тIехьа а дохуьйтуш, автобус чу хааво стаг. Цхьна ханна цу чохь вьуту цара иза, етта а еттташ, тIаккха дIавуьгу, дукха хьолахь, Окрестинан ураме.

ХIинц-хIинцца цу чуьра араяьллачу зудчуьнца къамел хиллера сан: юург а, хи а доцуш, ши де даьккхинера цо чохь. Зударшна етта ца еттара, амма лоьрийн гIо тIе ца кхачадора, шога хуьлура, божаршна еттачу хенахь, нуьцкъаша хьуьсуьйтура зударий, профилактика еш ду шаьш а бохуш.

- Айхьа хIинцца аьллачух дикка кхетош юха а дийцахьа.

- Сан къамел хиллера, Минскерчу Окрестинан урамерчу низамаш дохийнарш латточу изоляцин Центрера (ЦИП) Iуьйранна 5 сахьт даьлча араялийтинчу зудчуьнца. Цо дуьйцура, шайна тIехь даллийначух. Ши де даьккхира шаьш боху йа хи а ца луш, йа юург а ца кхачош. Веа стагана леринчу камера чохь юьхьанца шеца цхьана 20-х сов зуда яра боху цо. Стол тIехь агIордовла а, лаьттахь хевшина Iен а таро хуьлура шайн боху. Амма тIаьхьа, кхин а 30 зуда ялийра боху шаьш долчу, тIаккха 50 яра шаьш. Дуьйша а, охьалахдала а аьтто боцуш, латта дийзира шайн боху цо "бӀогӀамалгаш санна".

Цхьана зудчун диабет яра боху цо, инсулинах йоьзна хилла иза. Хадархошка дехха дехарш дина хиллера цо, шена инсулин лахьара бохуш, цаьргара хIуманаш а дIаяьхна ма хиллера. Эххар а, иза леш юй хиъча, деара боху инсулин. Ткъа ас къамел динчу зудчо, Катяс, ша лоцучу заманчохь коьртах чIогIа хIума тоьхнера шена боху. Автобус чохь а дукха латтийна хилла иза, боьха тIе мохь хьоькхура шена дуьйцу цо. Хетарехь, стрессо а, коьртах тохаро а, бурко хиларна а, корта хьийза боьллера цуьнан, вон дара шена боху. Лор тIевита шена баьхна а хиллера цо.

Иштта ницкъ бинера царна тIехь.Берззина ала тарлучу божарна шаьш еттачу заманчохь, зударий бертаза цаьрга хьоьжуьйту бахара Окрестинерчу Центрехь. Лаьтте мел ю цIийш ду бохура, чIогIа инзаре сурт хилла цигахь. Кертахь а цхьана етташ хиллера цара, тIаккха камера чохь а.

Ахь хоьтту, лецначу нахаца ас болх бинчу муьлхачу меттигца дуста догIу цигара хьал. Масала, Донбассехь дукха меттигаш хаабелира тхуна къизаллаш лелийна. Цигахь ницкъбора, цаьргара цхьа информаци оьшуш. Царна хаахь а, ца хаахь а, бен дацара царна.

- Оцу ницкъбечунна хетарехь, Iазап латторехь цхьа маьIна дара ала гIерта хьо?

- ХIаъ, Iазап- инзаре зулам ду, йа тIеман заманахь а, йа маьршачу хенахь а хилийта йиш йоцу. Амма цаьргара цхьа хаамаш оьшуш хьийзара уьш. Ткъа кхузахь кхин ду. Цаьргара оьшуш информаци яц. Бахархошка хоьттуш ма дац: мила ву протестийн инициатор, муха гуллора шу, хIун хаьа шуна? Маьттаза мотт а буьйцуш, къизаллица етта царна: "Маршо езара хьуна? Хийцамаш безара?" бохуш. Боккъал а, таIзаре операци ю иза, адам Iадон, урамашка ца билийта, шайна хетарг цаьрга ца дицийта.

- Со нийса кхетахь, Iазап латтор ду боху-кх ахь цигахь дерг?

- Еттар Iазап лоруш ду, ткъа оцу изоляторшкахь долу хьал -церан шогаллица сий дайъар ду.

- Ала тарлой, тахана Беларусехь долчу Iедалан а, таIзаре операци дIахьочийн а тIаьхье муха хир ю пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а?

- И операци дIахьош болу ницкъаллийн структурийн белхахой тешна бу, шайна таIзар дийриг цахиларх. Цхьа а хIума шайна дийр дац аьлла ю церан ойла. Иштта ца хилча, оццул шогалла цара гойтур яцара шайгара. Кху муьрехь тIаьххьарчу деношкахь лецнарш ворхI эзар сов ву. Изоляторш юьзна ю, нах чубохка меттигаш а бац, цундела и хьал ду камераш чохь.

Муха тIаьхье хила еза кхуьнан? Нийсо ян еза-кх. Соьца къамел динчу, изоляторчуьра араяккхинчу зудчунна йа догIанаш а, йа кехаташ а дIа ца делла. Iуьйранна пхи сахьт даьлча аракхоьсина иза, адамаш дIалоьцучу гIалахь, карахь паспорт доцуш. Ша ехачу кIоштахь йолчу полицин декъе яхана иза, латкъамбан дагахь, шен кехаташ схьадалийта. Шен хIусам чу яха а йиш яцара цуьнан, догIанаш ца хиларна. Ша неI еттарх ца йоьллура боху юьхьанца, юха неIаран берте веанчу белхахочо цабезамца къахкийнера иза: "Яхийта кхузара, цхьа а вац балхахь, хьан арз чуоьцур а дац" аьлла. "Муха оьцур дац? Сан документаш юха ца делла, соьгахь догIанаш а дац. Ас хIун дан деза?" аьлча, "Кхо сахьт даллац массо а полисхо белхаш бина ву, уьш гIелбелла, массо а буьйшина бу" аьлла, жоп делла хиллера цунна. Изза хуьлу латкъамбан гIертачу стагана.

ТIаьххьарчу заманчохь Лукашенкос забарш лелочу Евробертан пачхьалкхаша, шога дIахаийта дезара цунна, цигахь хуьлуш дерг магийта йиш йоций, ницкъаллийн структураша лелочу харцонех талламаш бар тIе а дожош, пачхьалкхера харцо сацае ала дезара. Ишта бен гIуллакх хир дац. Кхузахь шога реакци оьшу.

Кхеташ ду, хIара Марсхьокху-бутт хилар а, пандеми хилар а. Коронавирусан ун даьржинчу муьрехь веа стагана хьажийначу камера чохь 50 стаг ву латтош. И муха мега?

Евроберан пачхьалкхаша а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино а, кхийолчу юкъараллаша а, массара а цхьабоса реакци ян еза кху ситуацин. Iаламат цуьнга хIинца сатуьйсуш Iаш ду-кх тхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG