ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг вийна ГIалгIайчохь. ЧIир эцна хила мега


Несаран кIоштарчу СурхохитIехь бевзашбоцчара герзаш диттина "Нива" машенна яхначу буса, хаам бина Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостанаша.

Динчу тIелатарх велла меттигера вахархо Аушев Мухарбек, ткъа чевнаш хуьлуш, дийна йисина машен чохь хилла цуьнан нана а, зуда а.

Полицерчу хьостанаша бахарехь, ЭкIаж-Къоьнгийн юьртарчу Баталхьаьжи вирдерчу нахаца дов лелаш хилла вийначун.

"Ши бутт хьалха ЭкIаж-Къоьнгийн юьртарчу вежарша АлбогачиевгIара, харцхьа лелаш, тIе герзаш а хьийсош, кхерамаш тийсина цхьана полисхочунна. Оцу бахьаница даьллачу девнехь полисхочунна гIодина Аушев Мухарбека. ТIекхиинчу полицино лаьцна ЭкIаж-Къоьнгийн юьртара массех стаг", - дийцира хьостано.

Цунна хетарехь, оцу девнехь юкъайоьлла гамо бахьанехь вийна Аушев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG