ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахча оьцуш федералан кхелахо лаьцна БуьритIехь


Къилбаседа ХIирийчохь кхаъ эцна хила тарлучу бехканна лаьцна федералан кхелахо, боху цигарчу юкъарчу юрисдикцин кхелийн пресс-векалто.

Хаам иштта бу: 150 эзар сом схьаоьцуш гучуваьлла БуьритIерачу Ленинан кIоштан кхелахо. Иза лаьцнарг ю Къилбаседа ХIирийчуьра ФСБ-н урхалла.

Кхаъ эцарна бекевечун цIе официалехь йовзуьйтуш яц цкъачунна, Кавказ. Реалиига ХIирийчуьрчу кхелашкара хьал уллера девзачу хьостано еллачу информацица, лаьцнарг ву кхелахо Антипов Радион. 14 шарахь бина цо кхелехь болх.

  • Хьалхо Дагестанехь кхелахо жоьпе озийра полицин цхьана куьйгалхочунна хIиттийна протоколаш хийцарна. Шен белхахочунна еттарна бехкевеш вара кхелахочо агIолаьцна полицин декъан буьйранча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG