ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 стаг велла коронавирусах, 413 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велла 13 стаг, 413 цомгуш хилла COVID-19-ннах, хаам бо Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.

Белларш бу: Ставропол-махкара – 4, Краснодар-махкара – 3, Дагестанера а, Нохчийчуьра а – шишша, Адыгейра – 1. Юьхьанца дуьйна схьа пандемих Къилбаседа Кавказехь велла 1097 стаг.

Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хилла коронавирусах:

  • Ставропол-мохк +127 (9956 за все время эпидемии)​
  • Краснодар-мохк + 87 (9817)​
  • Дагестан +57 (9974)​
  • ГIалмакхойчоь +52 (3289)
  • ГIалгIайчоь +23 (4004)​
  • Адыгей +19 (3095)​
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +17 (6207)​
  • Кхарачой-Чергазийчоь +15(4618)​
  • Къилбаседа ХIирийчоь +10 (4669)
  • ​Нохчийчоь +6 (2183)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронаривусах цомгуш хилларг ву 57 426 стаг. Оьрсийчоьнан и терахь ду - 917884.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG