ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьнах 3 стаг велла, кхин а 410 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


Яхначу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь кхо пациент велла коронавирусан инфекцех, кхин а тIе цомгаш хилла 410 стаг.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла шиъ, Дагестанехь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 1 104 пациент.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан махкахь – 132 стаг:

  • Ставрополан кIоштахь +132 (10 217 ву эпидеми ябржичхьана)​
  • Краснодаран махкхаь + 88 (9 991)​
  • Дагестанехь +59 (10 091)​
  • ГIалмакхойчохь +47 (3 407)
  • ГIалгIайчохь+20 (4 045)​
  • Кхарачой-Чергазийчохь +17 (4 652)​
  • ГIебарта-Балкхаройчохь +16 (6 239)
  • ​Адыгейхь +16 (3 129)​
  • Къилбаседа ХIирийчохь +11 (4 690)
  • ​Нохчийчохь +4 (2 194)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь 58 273 стаг ву COVID-19 вирус кхетта. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь 927 745 вахархочуьнца къаьстина коронавирусан ун.

Цомгаш нах дукха хиларца хьалха ю Ставрополан кIошт. Кхул а хьалха хьал ледара дара Краснодаран махкахь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG