ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадовн воIа дийцина, шен гергара стаг нуьцкъаша "Грозный" каналан сюжетехь вистхилийтарх


Масхадов Аслан
Масхадов Аслан

2005-чу шарахь вийначу Ичкерин президентан Масхадов Асланан хиллачу хадархочо, йишин кIанта Хаджимурадов Висхана интервью елла нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканална. Европехь вехачу Масхадов Асланан кIанта Масхадов Анзора дIахьедо, махкарчу Iедалхоша шен гергарчу нахана тIеIаткъам бо аьлла.

Интервьюхь Хаджимурадовс дуьйцу "тIамах Европе бевддачу" Ичкерин лидерийн ямартлонех.

"Официалехь царна болх беш вац иза, амма цунах цара пайдаоьцу шайн пропаганда ярхьама. Декхаребо сан дена а, цуьнан гонна а тIе нехаш хьекха" алла, дийцина Масхадов Анзора.

"2005-чу шарахь иза вуьйчу хенахь, сан деца хилла ву Висхан. Цул тIаьхьа набахте воьллира иза, иштта кадыровхойн каракхаьчна ву иза. Цхьа хан яьлча дIахийцира иза, амма цунах цхьа пайдаэца хьоьвсира. Республикехула маьршша дIасалела аьтто беш, кара цхьа кехат а деллера", - боху Масхадовс.

Нохчийчуьрчу зорбан министро, мехкан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада дийцина Кавказ.Реалиига, Хаджимурадов Висхан ша зIене ваьллера шеца, интервью эцахьара аьлла. Ичкерин Iедалца боьзначу нахах лаьцна дийца канало могуьйтуш хиларна, шена а лаьара вистхила аьллера Хаджимурадовс, дийцина министро.

"Тхан телехьожийлан принцип муха ю хьуна аьлча – оха цхьанна тIе ца дуьллу нуьцкъаша къамелдан. Бертаза нохчочуьнга хIумма а дойтуьйла яц. Масхадов валлалц цунна уллохь хилла ву Хаджимурадов. Шаьш хаттийша цуьнга, хуур ду шуна. Ша тхоьца зIене а ваьлла, шен лаам хилар хаийтира цо", -бохуш, чIагIдо Дудаевс.

Иштта цо тIетоьхна, "дозанал а арахьарчу блогерша яздийриг шена интересе дац аьлла".

2005-чу шарахь вийначу Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан Европехь вехачу воIа Масхадов Анзора хьалхо а дIахьединера, даймахкарчу Iедало баха ца буьту цигара шайн гергарнаш, аьлла.

Цо бахарехь, бен Iаткъам гуттар а хала лов шаьш хьийзор къаноша, оцу бахьаница велла дукха хан йоццуш цуьнан ненаваша.

"Ас хIокху муьрехь, байначу беттан 31-чохь, хаам баржийра сайн гергарнаш, шантаж лелош, маьттаза хIуманаш дуьйцуш, хьийзабо, аьлла. Оцу кепехь ша волчу Iедалхой бахккарх, шолгIачу дийнахь, велла сан ненан воккхаха волу ваша. Оцо халчу хIоттийначуьра меттайогIуш яц шеца онкологи чIагIъелла йолу сан нана. Сан уллера гергара стаг Хаджимурадов Висхан лелийна вайн Президент вийначу Девкар-Эвла, иза кхелхинчу метте а вигина, камераш тIе а хьовсийна, къамел дойтуш. ХIун хир ду оцул боьха? " - яздина Масхадов Анзора шен инстаграмехь кху беттан 13-чу дийнахь.

Хьалхо Масхадов Анзора хаам баржийра, Нохчийчуьрчу ницкъхоша шега телефонаш етта, Кадыровна критика ярна "халкъ кIинтIера даккха ", ца даккхахь, "хьан гергарчийн проблемаш хир ю", бохуш, аьлла.

  • Масхадов Аслан - 1997 шарахь хаьржина Нохчийчоьнан президент. Махкахь шолгIа тIом боьдуш, 2005-чу шарахь, вийра иза Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Соьлжа-ГIалина гена йоцчу Девкар-Эвлахь. Дакъа, гергарчаьрга дIа ца луш, къайлах дIадоьллина Iедало.
  • 2020-чу шеран Зазадоккху-баттахь Маршо Радионо хаам бира, 15 шо набахтехь а даьккхина, мукъаваьлла Масхадов Аслан вуьйчу хенахь цунна уллехь хилла цуьнан накъост Мурдашев ВахIид, аьлла. Ткъа маьрша а ваьлла, шен даймахка дIакхаьчча, Мурдашев полице вигина латтийра массех дийнахь.
  • Хаджимурадов Висхан Оьрсийчоьнан ницкъаша йийсар вира шен уллера гергара волу Масхадов Аслан вийначу дийнахь. 7 шарахь латтийра иза набахтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG