ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Аэрофлотан» кеманаш кху шарахь Европе лела дуьйлалур ду аьлла, дегайовхо ю


Внуково аэропорт
Внуково аэропорт

Карарчу шарахь дуьненаюкъарчу пачхьалкхашка кеманаш гIуьттур ду аьлла, дегайовхо хиларкъадийна "Аэрофлотан" инарла директоро Савельев Виталийс. Евробертан мехкаша дуьхьало йо Оьрсийчу дозанаш даста, пачхьалкхехь коронавирусан тесташа дукха нах цомгаш хилвр къаосторца доьзна.

"Россия 24" телеканалан эфирехь, кеманаш лелар ду аьлла, ладоьгIийла юй, шега хаьттича: "Ю дера. Цкъачунна Евробератн дукхахйолчу пачхьалкхаша чу ца дуьту вай. Шина кIиранчохь Евроберто луьстур ду хьал, цундела дегайовхо юьсу", - аьлла, жоп делла Савельевс.

Карарчу беттахь Оьрсийчуьра кеманаш лелар долийна Туркойчу, Танзане, Британи, Швейцари.

Оьрсийчоьнан бахархой хIинцале а кеманашна билеташ а оьцуш, отелаш лоьцуш, Керла шо Европехь дазда кечлуш бу. Дукхахболчара хоржу Таиланд, цигара дозанаш маца достур ду хууш доцушшехь.

Коронавирусан эпидемина тIехула Евроберто Зазадокху-бутт юккъе баьллачу хенахь дозанаш дIакъевлира. Товбеца-беттан 1-чу дийнера дуьйна шен-шен муьрехь схьаделла долор ду дозанаш аьлла, дIахьедира цхьа могIа пачхьалкхаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG