ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сунжа-кIоштахь бевзаш боцчу наха герзаш диттина полисхошна


Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьрчу Галашкехь муьлш бу ца хуучу наха герзаш диттина ницкъаллийн структурийн белхахошна тIе. Оршотан суьйранна хилла ю инцидент. Масех стагах лаьттачу тобано тIелатар динера хьуьнхахь лаьттах доьллина герз карийначу полисхошна, хаамбина "Интерфаксо" шайн хьосташна тIетевжина.

Юьртахь детта герзаш дара схьахезаш, яздо ТАСС агенталло а.

ГIалгIайчуьра Сунжа кIоштан цхьа ах гоне ерзийна. Лазийна, вийна стагга а вуй цкъачунна хоуьйтуш дац. Хиллачу инцидентах еш комментари яц ницкъаллийн структураша.

  • Кху деношкахь Дагестанехь полицино а, ФСБ-н а, Росгвардин а белхахоша 15 шарера 17 шаре кхаччалц болу кхиазхой лецнера. Полисхошна тIелетарш дан кечлуш хилла уьш аьлла, бехкебина лецнарш.
  • Байначу баттахь ГIалгIайчохь вийра Росгвардин белхахо. Наьсаран кIоштарчу хьуьнхахь цабевзачу наха герзаш диттинера цуьнан машенна тIе. Эскархо вийра, цуьнца цхьана хиллачу жимачу зудчун ка яьллера кIелхьараяла. Цо мукIарло деш ду. Бехкзуламан гIуллакх ду долийна оцу хьокъехь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG