ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнехан диаспоро кхайкхам бина Мисаран Iедале, лецна ГIалгIайчуьра кегийрхой маьршабаха аьлла


Мисарара полисхой. Гайтаман сурт.
Мисарара полисхой. Гайтаман сурт.

Европерчу вайнехан диаспоро Мисаран Iедалхошка кхайкхам бина, лаьцна латтош болу ГIалгIайчуьра студенташ маьршабаха аьлла.

Бух болу бехкаш дахканза, кхайкхийна сацам а боцуш, ГIалгIайчуьра кегийрхой КъахIирерчу набахтехь болу шо а ду, дIахьедина Европерчу диаспоран векалша, хаам бо "Кавказский узел" агенталло.

Нохчийн диаспоран декъашхоша доьху Европерчу мехкашкахь бехачу вайнахе гIалгIайн студенташ лаьцна ши шо кхочучу денна лерина шаьш дол-долчахь акцеш дIаяхьар. Цкъачунна Парижехь хилла цу кепара гулам. Нохч-гIалгIайн диаспорера 30 гергга векал гулевеллера Францерчу Мисаран векалтана хьалха, Плиев Рамазан а, Чемурзиев Исмаил а, Аушев Илеза а, Дзейтов Iела а маьршаваккхар тIедожош.

Ал-Азхар университетехь доьшуш волу Аушев Илез, Дзейтов Iела, Чемурзиев ИсмаьIал, Плиев Рамзан бехкево КъахIиро экстремизм яржорна. 2019-чу шеран аьхка лецна уьш. Цаьрца цхьаьна лаьцначу пхоьалгIачух, Дугиев Хизарх, хилларг дац хууш тахана а.

ТIаьххьарчу хаамца, Мисаран Iедалхоша Гезгамашин-беттан 13-чу дийне кхаччалц уьш чохь буьтуш хан дIаяхйина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG