ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Оьрсийчу далийна Къилбаседа-Кавказерчу бахархойн 26 бер


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Шемара 26 бер далош догIу кема оршотан буса Подмосковьерчу Чкаловн цIарахчу аэродромехь охьадоьсина. Коронавирусан пандеми яьржичхьана, тIеман министраллан хьалхара рейс ю иза, яздо "Интерфаксо".

Оьрсийчу кхачийна бераш дIасалур ду Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу а церан гергарчу нахе аьлла, агенталле дийцина Оьрсийчуьрчу берийн бакъонаш Iалашъечу Кузнецова Аннас.

"Пансионате дIадуьгуш ду хIинца 26 бер. Цигахь ши кIира хан йоккхур ю цара. Церан гергара нах а хир бу цаьрца цхьана. 1 шарера 6 шерашка кхаччалц хенаш йолуш ду царлахь 23 бер", - аьлла Кузнецовас.

Омбудсмено бахарехь, "дайх-нанойх хеддарш латточу хIусамашкахь карийна цхьадерш, берийн важа дакъа набахтешкара арадаккха ницкъ кхаьчна".

Кузнецовас билгалдаккхарехь, кхин а 3-4 рейс ян тарло бераш далош.

  • Кху шеран Чиллан-баттахь Оьрсийчоьнан берийн бакъонашларъярхочо Кузнецовас хаам бира, Шемара 26 бер цIа кхачорах а, кхин а 73 даймахка дерзо кечдеш хиларх а. ХIетахь Шеман къилбаседанерчу Аль-Холь куьпара далийра Нохчийчу ши бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG