ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 7 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 378


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах ворхI дархо кхелхина, ун даьлла кхин а 378 вахархочунна.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо дIахьедарца, Ставрополан махкахь велла кхоъ, Краснодаран кIоштахь шиъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь хIинцале а велла COVID-19 вирусах 1 111 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 138 стаг:

  • Ставрополан махкахь +138 (10 345 ву эпидеми чьржичхьана)​
  • Краснодаран кIоштахь + 84 (I0075)​
  • Дагестанехь +60 (1 0I5I)​
  • ГIалгIайчохь +24 (4 069)​
  • Кхарачой-Чергазийчохь +18 (4 670)​
  • ГIебарта-Балкхаройчохь +17 (6 256)
  • ​Адыгейхь +15 (3 144)​
  • Къилбаседа ХIирийчохь +10 (4 700)
  • ГIалмакхойчохь +6 (3 413)
  • ​Нохчийчохь +6 (2 200)

COVID-19 вирус кхетта верриг а ву Къилбаседа Кавказехь 58 651 стаг. Оперативан штабо шинарин дийнахь Iорадаьхнчу зерашца, Оьрсийчохь бу вирус кхетта - 932 493 стаг.

  • Цомгаш нах дукха хиларца билгалъяьккхина ю Ставрополан кIошт. Кхул хьалха лазарш даьржинера Краснодаран махкахь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG