ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Летачу хенахь Карелера спецназхо валарна дов хоттуш ду Нохчийчуьрчу полисхочун


Карелера еъанчу спецназан декъашхо ларамаза верна бехкевечу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан патрулан-постан гIуллакхдархочун Зубайраев Хизиран дов хатта долийна. Бакъонашларъяран "Зона права" проекто бина и хаам Кавказ.Реалии портале, веллачун доьзало лаьцначу адвокатана Сабинин Андрейна тIетевжина. ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Нальчик гIалин кхело листа долийна гIуллакх. Тахана, шинарин дийнахь кхайкхийна кхеташо дIатеттина Гезгамашин-беттан 1-чу дийне, аьлла адвокато.

Стохка ГIадужу-баттахь хилла ю юьйцу инцидент, говзалла лакхайоккхучу Краснодаран университетан филиалан Нальчикерчу юкъарчу Iойлехь.

Талламчийн версица, полицин лакхарчу сержантан а, Карелерчу "Гром" спецназан эскархочун Флегонтов Александра а дов иккхина хиллера. Зубайраевс шозза бетах буй тоьхна хиллера Флегонтовна. Когаш тIехь саца ца велла, 34 шо долу спецназхо лекхачу ламин юкъера чувеана, лаьтта воьжна веллера.

Полисхочо шен бехк хилар даредина, гечдар дехна цунах йисинчу хIусамнене, иштта, иштта ахча а делла. Карарчу хенахь, дIасавалар а дихкина, латтош ву Зубайраев. Ларамза стаг валар аьллачу артиклехь шина шаре гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG