ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масех шо хьалха лаьттах доьллина герз карийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Хьалха-Мартанарчу Шалажехь лаьттах боьллина тIеман гIирс хIаллакбина Росгвардин а, ФСБ-н а белхахоша аьлла, хаам бина кхаарин дийнахь Росгвардин Къилбаседа Кавказерчу гонийн пресс-гIуллакххоша. Regnum агенталло бина цунах Лаьцна хаам.

Герзаца цхьаьна лаьттах йоьллина хилла куьйгайина оьккхуьйтург а. Хетарехь, масех шо хьалха хьулйина зуламхойн къайле хилла иза аьлла, дIахьедина Росгвардин зорбанчаша.

Маршо Радионо яздира, кху беттан 7-чохь 20-х сов шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина кеманан ши бомба яьккхарх лаьцна Веданан кIоштахь орцан министраллан белхахоша. Дахарна кхераме бомбанаш хааеллачу меттигерчу бахархоша даьккхинчу орцанца баьхкина хиллера говзанчаш, дийцира Нохчийчуьрчу орцан министраллехь. Мичча хенахь а эккхар йолуш, зене карийна лаьтта бухара яьхна бомбанаш. Меттигерчу орцанхошна гIоьнна баьхкинера, дуккха а шерашкахь зеделларг долу Донан орцанхойн центрера белхахой. Лероинчу техникица полигоне дIакхачийна, цигахь хIаллакбинера тIеман гIирс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG