Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса динчу зерашца, коронавирусан уьнах велла 13 стаг, ун даьржина кхин а 434 бахархошлахь.
Эпидем ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь велла виъ пациент, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а, ГIалмакхойчохь а кхоккха стаг кхелхина.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла 1 124 пациент.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу литтаршца, къаьсттина дукха нах бу ун даьлла Ставрополан кIоштахь - 135 стаг:
Ставрополан махкахь ̆ +135 (10 480 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 86 (10 161)
Дагестанехь +59 (10 210)
ГIалмакхойчохь +59 (3 472)
ГIалгIайчохь +26 (4 095)
Кхарачой-Чергазийчохь+18 (4 688)
ГIебарта-Балкхаройчохь+17 (6 273)
Адыгейхь +17 (3 161)
Къилбаседа ХIирийчохь+12 (4 712)
Нохчийчохь+5 (2 205)
COVID-19 вирус яьржичхьана динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь верриг а ун даьлларг ву 59 085 стаг. Оперативан штабо бинчу хаамца, Оьрсийчохь 937 321 стагаца къаьстина коронавирус.