ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Алексей реанимацехь ву. ДIовш делла хила тарло цунна


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Коррупцица къийсам латточу Фондан (ФБК)куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачийна. Твиттерерчу шен агIонехь бина и хаам Фондан пресс-секретаро Ярмыш Кирас.
Цо бахарехь, еарин Iуьйранна Томскера Москва юхавогIуш хиллера Навальный. Кеман чохь вон хилла цунна. Оцу бахьанаца лайнер сихонца Омскехь охьа а хаийна, лоьраш тIекхайкхинера цунна.

Навальныйца цхьана хиллачу Ярмыша хаамбина, дIовш деллачух тера ду бохуш, лоьрийн шеконаш хиларх. Цунна хетарехь, Навальныйс меллачу чайнах цхьаъ тоьхначух тера ду, хIунда аьлча, Iуьйранна дуьйна цо кхин кхаьллина хIума цахиларна.

"Медиазонас" билгалдоккху, Навальный Алексейца цхьана кеман чохь веанчу Томскера вахархочо Лебедев Павла сурт зорбане даккхарх, цу тIехь политик чай молуш ву аэропортерчу "Венская кофейня" кафе чохь. Лебедевс яздарца, кеманахь "чIогIа чохь вон хиллера" Навальныйна, "мохь хьоькхура цо", "халла метта валийра иза" аьалла.

Baza ресурсо хаамбина, Навальный хIинца а токсикологин реанимацехь меттаванза ву аьлла.

ТАСС агенталло яздо, Омскерчу дарбан цIийнан коьртачу лоьран Мураховский Александран дешнашца, политикера хьал цкъачунна чолхе ду аьлла.

"Тайга.инфо" гIирсан информацица, масех де а хилла Навальный Сибирехь, шен рогIерчу талламна материал гулъеш волу. Дуьххьара Новосибирске веана, цигахь волонтерашца цхьанакхетта, цул тIаьхьа Томске дIаваханера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG