ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь чIирхошна юкъахь маслаIат дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Динан урхалло бинчу хаамца, чIир юкъаеанчу шина цIенна юкъахь маслаIат дан аьтто кхаьчна кху деношкахь. Гуьмсан кIоштарчу Керла ГIоьрдалара ДудаевгIеран а, Гуьмсерчу ЭльдербаевгIеран а доьзалашна юкъахь мостагIалла оьккхуьйтуш сингаттам хилира дахначу кIиран дийнахь. Некъан бохамехь ЭльдербаевгIеран цIийнах волчу стеган карах велира Дудаев Асхьаб.
ЦIий ца Iанийта юкъагIоьртинчу къаноша къахьийгира шина цIийнан барт беш.

Гуьмса кIоштара къеда Абдулмуслимов Iамир хьалха а ваьлла, ДудаевгIеран а, ЭльдербаевгIеран а конфликт диканца ерзон аьтто белира.

Кху шеран Чиллан-баттахь Горагорскна уллерчу Керлачу Юьртахь (Теркйист) АслахановгIара чIир йитира шайна гена боццуш бехачу СубкаевгIарний, МаликовгIарний. И хилам бовзийтира Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша.

Пхьа буьтучу барамехь дакъалаьцнера Нохчийчоьнан муфтин гIовсо Хетиев Ансара а, махкахь цIелелачу къаноша а.

Итт шо дара доьзалшна юкъа цIий доьлла. Аслаханов Iиса кхелхинера Субкаев Алиханан а, Маликов Афханан а карах ягориг юттучу станцехь – цигахь болхбечу цуьнгара ахча доккхуш вийра иза.

Набахтехь ву пхьа шайн гергарчарна а, шайна а тIехьарчийна хилла шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG