ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 13 дархо. Вирус кхетта ву – 405


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, коронавирусан уьнах велла 13 пациент, ун даьржина кхин а 405 стагана.
Эпидем ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а кхоккха велла, ГIалмакхойчохь шиъ велла, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла 1 137 пациент.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха нах бу ун даьлла Ставрополан кIоштахь - 129 стаг:

Ставрополан махкахь ̆ +129 (10 609 ву эпидеми яьржичхьана)​
Краснодаран кIоштахь + 84 (10 245)​
Дагестанехь +62 (10 272)​
ГIалмакхойчохь +58 (3 530)
Кхарачой-Чергазийчохь+21 (4 709) ​
ГIалгIайчохь +21 (4 116)​
Адыгейхь +18 (3 179)​
ГIебарта-Балкхаройчохь+16 (6 289)
Къилбаседа ХIирийчохь+13 (4 725)
Нохчийчохь+4 (2 209)
COVID-19 вирус яьржичхьана динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь верриг а ун даьлларг ву 59 490 стаг. Оперативан штабо бинчу хаамца, Оьрсийчохь 942 106 стагаца къаьстина коронавирус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG