ГIалгIайчуьрчу "Ингушрегионводоканалан" директор Костоев Абукар шеконашка эцна, шен 400 белхахочунна алапа дIа ца делла аьлла. 13 миллион соьмал сов ду цо тIехьарчийна декхар. ГIалгIайчуьрчу прокуратуро бина и хаам.
"Бинчу талламо гучудаьккхина, белхахошна алапа дIадала директоран чот хилар, амма шен интерес бахьана долуш дIакхачош ца хиллийла", - аьлла, дийцина прокуратуран векало.
Шина баттахь алапа оьцуш ца хилла белхахоша, амма карарчу хенахь белхан алапа массарна а дIасаделла, прокуратуран гIоьнца.
2018-чу шарахь "Ингушрегионводоканалан" хиллачу директорна дуьхьал а диллира бехктакхаман гIуллакх, 325 белхахочунна дIа ца луш, 20,5 миллион сом декхар гулдарна.
Стохка а шина баттана алапаш тIахьасецийра 419 водоканалан белхалошна. ХIетахь 32, 5 миллион дара гулделларг. Охан-баттахь прокуратура юкъагIоьртинчул тIаьхьа декхаревира куьйгалхо ачханаш дIадала.
Кху аьхка цхьа могIа ГIалгIайчуьрчу ярташкарчу бахархоша латкъамаш бора, шаьш хица хьоьгучу балана.