ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масканаш йоцучаьрца доцца къамел де, аьлла Даудовс


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Масканаш йоцучу нахера машенаш схьаяха аьлла, тIедожийна Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада, эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан кхеташонехь. "ЧП-Чечня" пабликан инстаграмерчу аккаунтехь зорбане яьккхина видео. Ролик дIаязйина де билгалдаьккхина дац.

"Масканаш хила еза. Машенахь боьлхучу цхьаболучаьргахь бетах йоьхкина масканаш хуьлу, вукхаьргахь ца хуьлу. Дукха баьхна, дийцина. Кхин дIа къамел кIезиг дан деза. Нагахь санна, 3-4 дийнахь цу тIехь вай жигара болх бой, ас чIагIо йо, шегара машен дIа ца яккхийтархьама нохчочо буса дIавуьжуш а дIайоккхур ма яц иза", - боху Даудовс.

Оьрсийчуьрчу регионашлахь Нохчийчохь къаьсттина шога ду карантинан низамаш. Уьш дохийначунна кхерамаш туьйсура, урамашка нораш хьоькхуьйтур бу, даккхий гIуданаш деттар ду, вуьйр ву бохуш а цхьана.

Бутт карабеачхьана республикехь юха а масканаш лелор а, нах гуллучу меттигашкахь санитаран хьелаш Iалашдар а тIедожийна.

Охан-бутт юккъе баьллачу хенахь карантинан барамаш ца ларбечаьргара машенаш дIаяха буьйлабелира полисхой, дуьйцура меттигерчу бахархоша. Посташкахь схьаяьхна машенаш дIахIиттайора полицин дакъойн паркингашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG