ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный дIасавуьгучу хьолехь вац, аьлла коьртачу лоьро


Оппозиционер Навальный Алексей
Оппозиционер Навальный Алексей

Омскерчу номер 1 йолчу дарбан цIийнан коьртачу лоьро бахарехь, оппозиционеран Навальный Алексейн хьал цхьана эшарехь дац, цундела иза кхечухьа дIавуьгийла дац аьлла, хаамбина политикан пресс-секретаро Ярмыш Кирас. Навальныйн гергарчарна иза кхечу дарбан цIийне дехьаваккха лаар тоаме дац аьлла цо. Диагноз хIинца а хIоттонза ю цунна, дийцарехь.

"Лоьраш лартIахь деш къамел дац, "ДIасавоккхучу хьолехь вац" алар доцург", - боху Твиттерехь коррупцица къийсам латточу Фондан директоро Жданов Ивана.

Хьалхо Омскерчу могушалла Iалашъяран министралло кхетийра, комехь волу Навальный кхечу меттиге дIавига магочу хьолехь ву йа вац аьлла сацам лоьрийн консилиумо бан безаш бу.

ПIераскан дийнахь пациентерчу хьолан мах хадо шуьйра консилиум ю кхайкхийна, Пироговн цIарахчу центран а, Бурденкон цIарахчу центран а говзанчаш юкъахь а болуш.

Омскан лазартне кхачийна Навальный Алексей комехь ву. Томскера Москва дIавоьдучу хенахь кеман чохь вон хиллера цунна. Оппозиционеран агIончаш тешна бу, цунна дIовш делла хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG