ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масийтта шераш хьалха лаьттах боьллина тIеман гIирс карийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Цхьана кIиранчохь шолгIа лаьттах доьллина герз карийна шайна аьлла, дIахьедина Къилбаседа Кавказан гонашкарчу къоман гвардин пресс-гIуллакххоша. ТIехьа-МартантIерачу хьуьнхахь лоьлхуьйтурш а, герз а схьааьхкина аьлла ду бинчу хаамехь.

"Масех шераш хьалха хьулйинчу меттигехь куьйгайина лоьлхуьйтурш а, герз а, патармаш а дара", - яздо пресс-гIуллакххоша.

Дахначу кхаарин дийнахь Хьалха-Мартанарчу Шалажехь лаьттах боьллина тIеман гIирс хIаллакбина Росгвардин а, ФСБ-н а белхахоша аьлла, хаам бира Росгвардин Къилбаседа Кавказерчу гонийн пресс-гIуллакххоша.

Герзаца цхьаьна лаьттах йоьллина хилла куьйгайина оьккхуьйтург а. Хетарехь, масех шо хьалха хьулйина зуламхойн къайле хилла иза аьлла, дIахьедина Росгвардин зорбанчаша.

Иштта, Маршо Радионо яздира, кху беттан 7-чохь 20-х сов шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина кеманан ши бомба яьккхарх лаьцна Веданан кIоштахь орцан министраллан белхахоша хаийтарх. Дахарна кхераме бомбанаш хааеллачу меттигерчу бахархоша даьккхинчу орцанца баьхкина хиллера говзанчаш, дийцира Нохчийчуьрчу орцан министраллехь.

Мичча хенахь а эккхар йолуш, зене карийна лаьтта бухара яьхна бомбанаш. Меттигерчу орцанхошна гIоьнна баьхкинера, дуккха а шерашкахь зеделларг долу Донан орцанхойн центрера белхахой. Лероинчу техникица полигоне дIакхачийна, цигахь хIаллакбинера тIеман гIирс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG