ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса 4870 стагана ун даьлла


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Оьрсийчохь коронавирусан инфекци къаьстина 4 870 стагаца аьлла, дIахьедина эпидемица къийсам латточу оперативан штабо. 90 дархо кхелхина уьнах, дарба хилла 5 817 пациентана.

ХIинццалц а санна, ун даьлла нах дукха хиларца билгал ю Москва (690), цунна тIаьхьа Санкт-Петербург (181), Подмосковье (151), Ставрополан кIошт (131), Роствон мохк (128), Нижегородскан кIошт (127), Свердловскан кIошт (124), Красноярскан мохк (117), Иркутскан кIошт (101).

Эпидеми яьржичхьана вирус кхийтира 946 976 стагана, царех 16, 1 эзар кхелхира, гIоле хилла 761 эзар дархочунна.

Доллу дуьненахь, ВОЗ-ан информацица, 22, 2 миллилн ву ун даьлла. Мел лахара а, 785 эзар царех велла.

ХIопкинс Джона Университетан зерашца, COVID-19 вирус йолу нах къаьсттина дукха бу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь (5,5 миллион), цунна тIаьхьа йогIу Бразили (3,5 миллион), кхоалгIачу могIарехь дIатаръелла ХIиндойчоь (2,9 миллион). 4-чу позицехь юьссу Оьрсийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG