ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу базарашкахь а, махбаран центрашкахь а минаш ю аьлла, кхаьчна хаам бакъ ца хилла


ГIалгIайчуьрчу яккхийчу йохкаран центрашкахь а, базарашкахь а йоьхкина лоьлхуьйтурш ю аьлла, кхаьчна информаци харц хилла.

"Йохкаран центрашкахь а, базарашкахь а полисхоша а, сапераша бинчу талламашкахь хIуммаъ а ца карийна, информаци харц хилла", -яздо "Интерфакс" агенталло, шайн хьостана тIетевжина.

Де хьалха Сунжерчу а, Наьсарарчу а, Магасерчу а йохка эцаран а, самукъадаккхаран а центрашкарчу нахана эвакуаци йинера, лоьлхуьйтурш ю цу чохь ехкина аьлла, хаам а кхаьчна. Талламаш бечу ницкъахоша иштта гоне ерзийнера Наьсарара уггар а йоккхах йолу "Мархьаба" олу базар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG