Стамбулерчу Хора килсах маьждиг дан буьйр дина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа пIераскан дийнахь. Анадолу агенталло хаамбарехь, пачхьалкхан официалан сайтехь зорбане даьккхина документ.
1077-81-чу а шерашкахь йина ю килсан гIишло, 1315-21-чу шерашкахь реконструкци йира цунна. ЮНЕСКОН-о дуьненан мехаллашка язъйина а ю Хора килс.
86 шарахь Стамбулехь Айа-Софийа музей лаьттинчу гIишлох маьждиг дира дукха хан йоццуш. Туркойчоьнан Пачхьалкхан Кхеташоно (Лаккхара административан кхел) Товбецан-беттан 10-чу дийнахь Айа-София маьждиган статусе йоккхуш вердикт кхайкхийра.
1500 шо гергга хьалха хIоттийна йолу Айя-София ехха заманашкахь лаьттина керста килс санна. 1453 шарахь, османаша Константинополь яьккхинчул тIаьхьа, маьждиг дина цунах. Музейн статус елла гIишлонна 20-чу бIешеран хьалхарчу декъехь – Туркойчоь таханлерчу хьесапе ерзийначу пачхьалкхан куьйгалхочо Ататюрк Кемал Мустафас.
Латта тIера хазанаш Iалашъечу ЮНЕСКО юкъаралло Дуьненан мехаллийн могIара яьккхира Айя-София 1985-чу шарахь.
Римера Папас Франциска, ша халахетарца тIеэцна, Туркойчоьнан кхело Стамбулера Езачу Софиян килс музейн статусера яьккхар а, цунах маьждиг дан магош сацам бар а, аьлла. Ватиканехь кIиранан хьехамаш ша беш, Франциска бохура: "Езачу Софиян ойла йо ас, боккха цатам хилла суна".
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?