ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозиционер Навальный Алексей Берлинерчу клинике кхачийна


Оппозиционер Навальный Алексей
Оппозиционер Навальный Алексей

lightradar24 сервисан хаамца, комехь волу оппозиционер Навальный Алексей тIехь волу, леррина кечдина Германера даийтина медицинан кема Берлинехь охьадоьсина. Картана тIехь гайтарехь, Тегель аэропортехь охьахаийна борт, Шенефельдехь совца Iалашо хиллашехь.

Шоьтан Iуьйранна пхи сахьт долучу хенахь Омскехь гIаьттира Германи хьажош долу кема. Аэропортера Charite олучу клинике кхачор волуш ву Навальный. Кеман чохь политикаца хилла цуьнан хIусамнана Юлия. Оппозиционер дарбан хIусаме кхаьчначу дийнахь дуьйнна дийцаредора, иза кхечухьа дIавигарх.

Германера Омске кхечира Навальный вига догIу кема пIераскан Iуьйранна. Лоьраша дехха тIе ца дуьтура, иза лазартнера дIасаваккхар, цуьнгара хьал тешаме дац бохуш. Политикана дIовш делла аьлла, шеконаш ю Навальныйн гергарчеран а, цуьнан агIончийн а.

Карладоккху, коррупцица къийсам латточу Фондан (ФБК)куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачийра. Твиттерерчу шен агIонехь бина и хаам Фондан пресс-секретаро Ярмыш Кирас. Цо яздарехь, еарин Iуьйранна Томскера Москва юхавогIуш хиллера Навальный. Кеман чохь вон хилла цунна. Оцу бахьанаца лайнер сихонца Омскехь охьа а хаийна, лоьраш тIекхайкхинера цунна.

Навальныйца цхьана хиллачу Ярмыша хаамбираа, дIовш деллачух тера ду бохуш, лоьрийн шеконаш хиларх. Цунна хетарехь, Навальныйс меллачу чайнах цхьаъ тоьхначух тера ду, хIунда аьлча, Iуьйранна дуьйна цо кхин кхаьллина хIума цахиларна.

"Медиазонас" билгалдоккхура, Навальный Алексейца цхьана кеман чохь веанчу Томскера вахархочо Лебедев Павла сурт зорбане даккхарх, цу тIехь политик чай молуш ву аэропортерчу "Венская кофейня" кафе чохь. Лебедевс яздарца, кеманахь "чIогIа чохь вон хиллера" Навальныйна, "мохь хьоькхура цо", "халла метта валийра иза" аьалла.

"Тайга.инфо" гIирсан информацица, масех де а хилла Навальный Сибирехь, шен рогIерчу талламна материал гулъеш волу. Дуьххьара Новосибирске веана, цигахь волонтерашца цхьанакхетта, цул тIаьхьа Томске дIаваханера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG