Къилбаседа Кавказан гонашкарчу тIеман кхело колонехь даккха цхьа шо хан кхайкхийна ГIалгIайчуьрчу яхархочунна Коттаева Хадишатна, терроризм бакъярна. ПIераскан дийнахь бовзийтина суьдхоша шайн сацам.
Талламчийн версица, 31 шо долчу Коттаевас 2018-чу шеран Зазадокху-баттахь, ша Малгобекехь йолчу заманчохь, мобилан телефона тIера "ВКонтактерчу" агIонехь комментари язйина хилла, "терроризман идеологи а, терроризм лелор а нийса хеташ" зорбане яьккхинчу публикацина бухахь аьлла"Кавказский узел" агенталле кхелан пресс-гIуллакххойн векало.
Цхьа тоьшалла а ца луьстуш, Коттаевас шена бехк тIелаьцна йоьдучу кхелан цхьана кхеташонехь. Иза бехкехилар тIе а чIагIдина суьдхоша набахтехь даккха шо хан тоьхна Коттаевана.
Иштта, кху шеран Мангал-баттахь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъаца юкъахь талламаш бинчул тIаьхьа, ВКонтактерчу социалан машанехь даржон дихкина аудиофайл гучуяьллера республикерчу прокуратурана. Гуьмсан кIоштарчу вахархочо шен аккаунтехь зорбане хIоттийна хилла и материал, кхечаьрга ладогIийта а, шайн агIонашка дIаэца а аьтто буьтуш, яздора меттигерчу хаамийн гIирсо.
Экстремистийн артиклаш лерина, федералан тептаре ерзийна материалаш яржийна цо аьлла, административан гIуллакх айдира цунна дуьхьал республикан прокуратурано.
ГIуда такхар тIе а дожийна, таIзар дира Гуьмсерчу вахархочунна.