ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ковидах 11 стаг велла, 458-нна ун даьлла тIаьххьарчу дийнахь-буса


Цхьайтта пациент велла, цомгашчарна тIекхетта кхин а 458 дархо. Иштта ду эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабо тIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерийн жамIаш.

Дагестанехь кхелхина виъ пациент, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь велла кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ велла.

COVID-19 вирусах кхелхина ун даьржичхьана 1 157 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 128 дархо:


Ставрополан махкахь +128 (10 869 ву ун даьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 88 (10 422)
ГIалмакхойчохь +69 (3 669)​
Дагестанехь +6I (10 395)
Кхарачой-Чергазийчохь+3I (4763)
ГIалгIайчохь +22 (4 162)
Адыгейхь +19 (3 214)
ГIебарта-Балкхаройчохь+18 (6 323)
​Къилбаседа ХIирийчохь+15 (4 755)
Нохчийчохь+7 (2 222)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла хиларца чоьте эцна ву 60 401 пациент. Оперативан штабан стиатистикаца, Оьрсийчохь ву COVID-19 вирусца шоьтан дийнахь довзийтинчу терахьашца 951 897 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG