Белоруссин Iедалхоша дIакъевлина Маршо Радион Белоруссин сервисан сайт шайн пачхьалккхехь. Иштта блок тоьхначарлахь ю "Белсат" а, "Еврорадио" а, "Медиазона" а, белоруссхойн спортан Sports.ru — ("Трибуна") сайт а, "Регнум" агенталла а, кхийолу ресурсаш а.
Пачхьалкхан президентан дарже гIоьртина хиллачу кандидатийн Бабариков Викторан а, Цепкало Валерийн а, Статкевич Николайн а сайташна а дозанаш диттина иштта, хаамбо Tut.by гIирсо.
Свобода Радио Белоруссин сервисан йоллу керлачу информацига а, видеошка а хьовса таро ю хIинца Телеграман мессенджерехь.
Болоруссехь ерзанза ю, карарчу беттан 9-чохь президентан харжамаш бирзинчул тIаьхьа йолаелла политикан кризис. Пачхьалкхан куьйгаллехь 26 шарахь лаьттинчу Лукашенко Александра толам баккхарх дIакхайкхийна Iедалхоша.
Ткъа, кхаьжнашца харцонаш лелийна хиларх дIахьединчу оппозицино жамIаш тIе ца дуьту, харжамашкахь толам баьккхинарг Тихановская Светлана ю бохуш.