ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадовна тIебирзира, Соьлж-ГIалара нах бигира, Навальныйна дIовш делира


Суьртийн коллаж
Суьртийн коллаж

Таьххьарчу кIиранан коьрта хиламаш

ОРШОТАН ДЕ

Масхадов Аслан
Масхадов Аслан

2005-чу шарахь вийначу Ичкерин президентан Масхадов Асланан хиллачу хадархочо, цуьнан йишин кIанта Хаджимурадов Висхана интервью елира нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканална. Ткъа, Европехь вехачу Масхадов Асланан кIанта Масхадов Анзора дIахьедира, махкарчу Iедалхоша шен гергарчу нахана тIеIаткъам бо аьлла. Интервьюхь Хаджимурадовс дуьйцу "тIамах Европе бевддачу" Ичкерин лидерийн ямартлонех. "Официалехь царна болх беш вац иза, амма цунах цара пайдаоьцу шайн пропаганда еш. Декхаребо сан дена а, цуьнан гонна а тIе нехаш хьекха", - дийцина Масхадов Анзора. "2005-чу шарахь иза вуьйчу хенахь, сан деца хилла ву Висхан. Иштта кадыровхойн каракхаьчначул тIаьхьа набахте воьллира иза. Цхьа хан яьлча дIахийцира, амма шайна цунах цхьа пайдаэца хьевсира. Республикехула маьршша дIасалела аьтто беш, кара цхьа кехат а деллера цунна", - боху Масхадовс.

Нохчийчуьрчу зорбан министро, мехкан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада сихха дIахьедира, Хаджимурадов Висхан ша зIене ваьллера шеца, интервью эцахьара шегара аьлла. Ичкерин Iедалца боьзначу нахах лаьцна дийца канало могуьйтуш хиларна, шена а лаьара вистхила бохура Хаджимурадовс, дийцира министро. "Тхан телехьожийлан принцип муха ю хьуна аьлча – оха цхьанна а тIе ца дуьллу нуьцкъаша къамелдан. Бертаза нохчочуьнга хIумма а дойтуьйла яц. Масхадов валлалц цунна уллохь хилла ву Хаджимурадов.

Шаьш хаттийша цуьнга, хуур ду шуна. Ша тхоьца зIене а ваьлла, шен лаам хилар хаийтира цо", -бохуш, чIагIдо Дудаевс. Иштта цо тIетоьхна, "дозанал а арахьарчу блогерша яздийриг шена интересе дац аьлла". Амма, дуьххьара дац, Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан Европехь вехачу воIа Масхадов Анзора латкъамаш бен, даймахкарчу Iедало баха ца буьту цигара шайн гергарнаш, бохуш. Цо дийцарехь, бен Iаткъам гуттар а хала лов къаноша, оцу бахьаница велла дукха хан йоццуш Анзоран ненаваша а.

"Ас хIокху муьрехь, байначу беттан 3I-чохь, хаам баржийра сайн гергарнаш, шантаж лелош, маьттаза хIуманаш дуьйцуш, хьийзабо, аьлла. Оцу кепехь ша волчу Iедалхой бахккарх, шолгIачу дийнахь, велла сан ненан воккхаха волу ваша. Оцо халчу хIоттийначуьра меттайогIуш яц шеца онкологи чIагIъелла йолу сан нана. Сан уллера гергара стаг Хаджимурадов Висхан лелийна вайн Президент вийначу Девкар-Эвла, иза кхелхинчу метте а вигина, камераш тIе а хьовсийна, къамел дойтуш. ХIун хир ду оцул боьха? " - яздина Масхадов Анзора шен инстаграмехь кху беттан 13-чу дийнахь.

Иштта Анзора хаам баржийра, Нохчийчуьрчу ницкъхоша шега телефонаш етта, Кадыровна критика ярна "халкъ кIинтIера даккха ", ца даккхахь, "хьан гергарчийн проблемаш хир ю", бохуш, аьлла. Масхадов Аслан - 1997 шарахь хаьржина Нохчийчоьнан президент вара. Махкахь шолгIа тIом боьдуш, 2005-чу шарахь, вийра иза Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Соьлжа-ГIалина гена йоцчу Девкар-Эвлахь. Дакъа, гергарчаьрга дIа ца луш, къайлах дIадоьллина Iедало.

ШИНАРИН ДЕ

Карелера еъанчу спецназан декъашхо ларамаза верна бехкевечу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан патрулан-постан гIуллакхдархочун Зубайраев Хизиран дов хатта долийна. Бакъонашларъяран "Зона права" проекто бина и хаам Кавказ.Реалии портале, веллачун доьзало лаьцначу адвокатана Сабинин Андрейна тIетевжина.

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Нальчик гIалин кхело листа долийна гIуллакх. Дахначу шинарин дийнахь кхайкхийна кхеташо дIатеттина Гезгамашин-беттан I-чу дийне, аьлла адвокато. Стохка ГIадужу-баттахь хилла ю юьйцу инцидент, говзалла лакхайоккхучу Краснодаран университетан филиалан Нальчикерчу юкъарчу Iойлехь. Талламчийн версица, полицин лакхарчу сержантан Зубайраев Хизиран а, Карелерчу "Гром" спецназан эскархочун Флегонтов Александра а дов иккхина хиллера.

Зубайраевс шозза бетах буй тоьхна хиллера Флегонтовна. Когаш тIехь саца ца велла, 34 шо долу спецназхо лекхачу ламин юккъера чувеана, лаьтта воьжна веллера. Полисхочо шен бехк хилар даредина, гечдар дехна цунах йисинчу хIусамнене, иштта, иштта ахча а делла веллачун доьзална. Карарчу хенахь, дIасавалар а дихкина, латтош ву Зубайраев. Ларамза стаг валар аьллачу артиклехь шина шаре гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.

КХААРИН ДЕ

Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Соьлж-ГIалахь махкара пхи вахархо вигина аьлла, хаам кхечира нохчийн бакъонашларъяран "Вайфонд" ассоциацегара. Буьйцучарех цхьаъ Заурбеков Iусман ву, шолгIаниг цуьнан шича Заурбеков Абухьаьжа ву. "Iадат" интернет-ресурсо а бина цунах хаам шайн Телеграмерчу аккаунтехь. Динах лаьцна интернетехь дитинчу йозанашна тIехула бигина хила тарло уьш, бакъонашларъярхойн хаамашца.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша тIе а ца чIагIдина уьш лецар, йа бакъ дац аьлла, дIа а ца тетттина, Кавказ.Реалиин корреспонденто хаьттича. Хаамийн гIирсашца юкъаметтиг латточу декъан куьйгалхочунна Дениев Мохьмадна тIехьовсийра министраллехь, амма цо дукхазза телефонаш еттарх, жоп ца делира.

ЕАРИН ДЕ

Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Масканаш йоцучу нахера машенаш схьаяха аьлла, тIедожийра Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада, эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан кхеташонехь. "ЧП-Чечня" пабликан инстаграмерчу аккаунтехь зорбане яьккхина видео.

Ролик дIаязйина де билгалдаьккхина дац."Масканаш хила еза. Машенахь боьлхучу цхьаболучаьргахь бетах йоьхкина масканаш хуьлу, вукхаьргахь ца хуьлу. Дукха баьхна, дийцина. Кхин дIа къамел кIезиг дан деза. Нагахь санна, 3-4 дийнахь цу тIехь вай жигара болх бой, ас чIагIо йо, шегара машен дIа ца яккхийтархьама нохчочо буса дIавуьжуш а дIайоккхур ма яц иза", - боху Даудовс. Оьрсийчуьрчу регионашлахь Нохчийчохь къаьсттина шога ду карантинан низамаш. Уьш дохийначунна кхерамаш туьйсура, урамашка нораш хьоькхуьйтур бу, даккхий гIуданаш деттар ду, вуьйр ву бохуш а цхьана. Бутт карабеачхьана республикехь юха а масканаш лелор а, нах гуллучу меттигашкахь санитаран хьелаш Iалашдар а тIедожийна. Охан-бутт юккъе баьллачу хенахь карантинан барамаш ца ларбечаьргара машенаш дIаяха буьйлабелира полисхой, дуьйцура меттигерчу бахархоша. Посташкахь схьаяьхна машенаш дIахIиттайора полицин дакъойн паркингашкахь.

ПIЕРАСКАН ДЕ

Цхьана кIиранчохь шолгIа лаьттах доьллина герз карийна шайна аьлла, дIахьедина Къилбаседа Кавказан гонашкарчу къоман гвардин пресс-гIуллакххоша. ТIехьа-МартантIерачу хьуьнхахь лоьлхуьйтурш а, герз а схьааьхкина аьлла ду бинчу хаамехь. "Масех шераш хьалха хьулйинчу меттигехь куьйгайина лоьлхуьйтурш а, герз а, патармаш а дара", - яздо пресс-гIуллакххоша.

Дахначу кхаарин дийнахь Хьалха-Мартанарчу Шалажехь лаьттах боьллина тIеман гIирс хIаллакбира Росгвардин а, ФСБ-н а белхахоша. Хетарехь, масех шо хьалха хьулйина зуламхойн къайле хилла иза аьлла, дIахьедира Росгвардин зорбанчаша. Иштта, Маршо Радионо яздира, кху беттан 7-чохь 20-х сов шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина кеманан ши бомба яьккхарх лаьцна Веданан кIоштахь орцан министраллан белхахоша хаийтарх. Мичча хенахь а эккхар йолуш, зене хиллера лаьтта бухара яьхна бомбанаш. Леринчу техникаца полигоне дIакхачийна, цигахь хIаллакбинера тIеман гIирс.

ШОЬТАН ДЕ

Путин Владимир а, Навальный Алексей а
Путин Владимир а, Навальный Алексей а

Эххар а аьтто бели, комехь волу оппозиционер Навальный Алексей Германерчу клинике дIакхачон. Леррина кечдина Германера даийтина медицинан кема Берлинехь охьадоьсира пIераскан дийнахь. Аэропортера Charite олучу клинике кхачор волуш ву Навальный аьлла, яздора зорбанашкахь. Кеман чохь политикаца хилла цуьнан хIусамнана Юлия. Оппозиционер дарбан хIусаме кхаьчначу дийнахь дуьйнна дийцаредора, иза кхечухьа дIавигарх, амма лоьраша дехха тIе ца дуьтура, цуьнгара хьал тешаме дац бохуш.

Политикана дIовш делла аьлла, шеконаш ю Навальныйн гергарчеран а, цуьнан агIончийн а. Карладоккху, коррупцица къийсам латточу Фондан (ФБК)куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачийра. Твиттерерчу шен агIонехь бина и хаам Фондан пресс-секретаро Ярмыш Кирас. Цо яздарехь, еарин Iуьйранна Томскера Москва юхавогIуш хиллера Навальный.

Кеман чохь вон хилла цунна. Оцу бахьанаца лайнер сихонца Омскехь охьа а хаийна, лоьраш тIекхайкхинера цунна. Навальныйца цхьана хиллачу Ярмыша хаамбира, дIовш деллачух тера ду бохуш, лоьрийн шеконаш хиларх. Цунна хетарехь, Навальныйс меллачу чайнах цхьаъ тоьхначух тера ду, хIунда аьлча, Iуьйранна дуьйна цо кхин кхаьллина хIума цахиларна. Масех де а хиллера Навальный Сибирехь, шен рогIерчу талламна материал гулъеш Томскехь волу. Цигара гIуллакх дерзийна, юхавогIуш хиллера иза.

КIИРАНАН ДЕ


Iуьйранна дуьйнна контртерроран операцин раж а кхайкхийна, Сунжа-кIоштарчу Троицкая эвлахь дIаяьхьначу леринчу операцехь ши стаг вийна. Ницкъаллийн структурашкарчу хьосташа бинчу хаамца, Шефская урамехь къайлахчу сервисийн белхахоша гIаттамхой бара уьш аьлла, ши стаг вийна. Дуьхьало ца еш, каравола аьлла, дехар дича, герзаш диттина хилла цу шиммо полисхошна. Оцу кхийсаршкахь вийна ший а. ТIаьхьо Оьрсийчуьрчу Антитерроран комитето хаамбира, "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн агIончаш хиллера уьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG