ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо тIемало вийна, ши эскархо лазийна ГIалгIайчохь


КIирандийнан шолгIачу декъехь ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан Обаргийн-Юьртахь (Троицкая) Iедалан ницкъаша леррина операци дIахьош вийна кхо тIемало. Ницкъхойх лазийна шиъ, хаам бо Оьрсийчоьнан антитерроран комитето. Хьалхо дара хоуьйтуш ши стаг вийна хиларх.

Лазийнарш бу, оцу урхалло бахарехь, пачхьалкхан къайлахчу сервисан (ФСБ) белхахой.

Вийна кхоъ ДАIИШ-ан агIонча вара, цаьргахь маса тоьпаш, тапчанаш, патармаш, лелха коьчалш яра, чIагIдо антитерроран комитето.

Кавказ.Реалиин хьостанаша бинчу хаамца, ГIалгIайчохь байъинчех цхьаъ ву Гадаборшев. Биснарш цкъачунна бевзаш бац.

Редакцица къамел динчарна хетарехь, хIинца байъинарш бу шаьш къайладаьккхина шайн герзаш карийначу ницкъхошна кху беттан 17-чохь Галашки юьртахь тIелетта хилларш. Оцу латарехь вийра тIемалойх ши стаг.

Цхьана версица, тIом бинарш хила тарло Бютукаев Асланан тобанера тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG