ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 пачхьалкхе кеманаш лелар юхаметтахIотто кечлуш ю Оьрсийчоь


Кеманаш дIасалелар юхаметтахIотторах лаьцна хаттар дийцаре деш ю Оьрсийчоь кхин а 7 пачхьалкхаца – Францица а, Венгрица а, Мальтица а, Кипрца а, Иорданица а, Мисарца а (КъахIира), ткъа иштта Китайца а (Шанхай), яздо "Известия" газето, шен авианекъийн урхаллерчу хьастана тIе а тевжаш. Шинарин дийнахь, Марсхьокху-беттан 18-хь, оперативан шабан кхеташонехь Росавиацина а, Роспотребнадзорна а тIедожийра оцу пачхьалкхашца стигалан некъаш схьаделлар кечдар.

Оперативан штабехь керлачу пачхьалкхашца кеманаш лелар схьаделлар тIе ца чIагIдина, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. "Карарчу хенахь кхечу пачхьалкхашка кеманаш лелор хьокъехь керла сацамаш бина бац", - дIахьедина оцу штабан векало.

Сацам кийча хила мегаш бу хIокху беттан 25-хь, иза дIакхайкхор бу оперативан штабан кхеташонехь, яздо "Известия" газето.

Европе баха аьтто хир бац массера а. Газетан хьастано дийцарехь, Франце а, Венгре а, Мальте а рейсаш схьаелла мегаш ю цу мехкашкахь баха кехаташ долчу а, цигахь болх бан бакъо йолчу а, лоьрашкара гIо оьшучу а нахана.

  • Дуьненаюкъара роже а, чартеран а рейсаш совцийра Оьрсийчоьнан Iедалша Зазадоккху-беттан 27-хь, COVID-19 коронавирусан инфекцин пандеми бахьана долуш. Премьер-министро Мишустин Михаила Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь цхьана декъана меттахIоттийра кеманаш лелар Британица а, Туркойчоьнца а, Танзаница а. Кху беттан 15-хь Iедало бакъо елира кеманаш лелийта Швейцаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG