ГIалгIайчуьрчу МаьлгIабекара Коттаева Хадижат терроризманна пропаганда ярна а, иза бакъйарна а шарахь набахтехь латтор ю, хаам бо Ростоврчу тIеман кхелан пресс-векалто.
"Вконтакте" машанехь 2018-чу шеран Зазадоккху-баттахь цо ша язйинчу комментарица терроризм къобалйина, нах кхайкхина иза тIекIаярехьа, боху талламчаша.
"Каттаева ша динчу зуламна къера а хилла, дохко а яьлла, иза чу а лоруш, кхело лаххара хан кхайкхийна цунна, иштта ца нисделлехь, 5-7 шо кхайкхор дара набахтехь такха", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостано.
- Бутт хьалха Ростоврчу тIеман кхело ши шо хан туьйхира Кхарачой-Чергазийчуьрчу 31 шо долчу Узденов Аскерна социалан машанашкахула терроризманна пропаганда ен видео яржорна.
-