Т1аьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусах беллачу къилбаседа-кавказхойн терахь ду 6, цомгуш хиллачийн – 448.
Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Краснодар-махкахь велла кхо пациент, Дагестанехь – шиъ, Ставропол-махкахь – цхьаъ.
Коронавирус 24 сахьтехь цомгуш хиллачийн а, юхьанца схьа кхуьуш лаьтта а терахьаш иштта ду:
- Ставропол-мохк +129 (11 124)
- Краснодар-мохк + 88 (10 595)
- Дагестан +63 (10 521)
- ГIалмакхойчоь +54 (3775)
- Кхарачой-Чергазийчоь +32 (4830)
- ГIалгIайчоь +23 (4205)
- Адыгей +20 (3254)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +18 (6358)
- Къилбаседа ХIирийчоь +16(4787)
- Нохчийчоь +5 (2233)
Къилбаседа Кавказехь верриг а цомгуш хилларг ву, официалан терахьашца, 61 289 вахархо, Оьрсийчоь изза терахь ду 961 493.