ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Айсберган бохьана тергам бар". Кавказерчу регионийн куьйгалхоша дийцина шайна шарахь хиллачу санах


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхоша а, ткъа иштта царца боьзначу Пачхьалкхан Думан депутаташа а Iораяьхна шайна са хиларан декларацеш. Буьззинчу бараман лидер ву царна юкъахь 20-зза гергга шен бахам алсамбаьккхина волу Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Амма иза ша цхьаъ вац Къилбаседа Кавказерчу политикашна юкъахь 2019-чу шарахь 100 сов миллион сом ахча даьккхинарг.

Хьалхара 3 лидер

ДIадахна шо токхе хилла Кадыров Рамзанна. Цуьнан декларацино гойтучух тешса, цунна хилла пайда стохка 20-зза аьлсамбаьлла 2018-чу шарахь хиллачуьнца буьстича – 148 миллион сом. Нохчийчоьнан куьйгалхочун ду 3668 а, 28361 а еакӀов метр барамаш болу лаьттан ши дакъа а, 2344 еакӀов метр майда йолу цIа а.

Цуьнан зуда Кадырова Медни рицкъ даккха йолаелла кхин а алсам: 2018-чу шарахь 60 эзар сом цо даьккхинехь, 2019-чу шарахь и терахь ду 2,45 млн сом. Цуьнан цIартехь ю 209,8 еакIов метр петар. Цул сов, КадыровгIеран доьзал бехаш бу 300 еакIов метр барам болчу хIусамехь.

Хьалха Къилбаседа Кавказера куьйгалхойх уггар хьал долуш хиллачу Къилбаседа ХIирийчоьнан хьалханчо Битаров Вячеслава а тойина шен финансин позицеш, амма тIаьхьа ца кхиъна иза Кадыровна. Цо шен декларацехь гайтина 39,6 млн сом. Иза 6 миллион соьмана кIезиг ду лурчах хиллачул а. Стохка рицкъ ца даьккхинчу шен хIусамненаца цхьаьна цо доладеш ду 489 еакIов метр майда йолу цIа.

Къилбаседа ХIирийчохь уггар хаьл долчерах лоруш ву Битаров: цуьнан доьзалан долахь ю "Бавария" компанийн тоба, шена юкъахь изза цIе йолу них доккха завод а, "Фат-Агро" агрокомплекс а, цемент йоккха завод а, ресторанийн маша а болуш.

Къилбаседа Кавказерчу политикийн лидерех кхоалгIачу меттехь ву Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонехь векал волу Чайка Юрий. Стохка инарлин прокуроран а, векалан а даржашкахь цо даьккхина 13 млн гергга сом. Иза 4 млн сом алсам ду, 2018-чу шарахь хиллачул а. Чайкин долахь цхьа а гIишло яц, иза вехаш ву пачхьалкхан петарехь (203 еакIов метр). Премиум олучу классан машенаш яц векалан, амма ю раритет лору "Чайка".

"Волга" машенаш, хIордан кема, лайлахула лела машен

Цу кхаана тIаьхьа ву Ставрополан мехкан губернатор Владимиров Владимир - 5,58 млн сом. Цуьнан ю ши петар а (136,6, 61,5 еакIов метр), машенаш дIахIитто кхо меттиг (39,4 еакIов метр), "Волга" машен.

Владимировн зудчо даьккхина стохка 2,46 млн сом, иза 2,5-зза алсам ду лурчах хиллачул а. Цуьнан долахь лаьттан 2 дакъа а ду, тIехь цIенош а долуш (151,8, 253,4), петар а ю (35,8 еакIо метр). Владимировас хоьхкуш ю BMW X5.

Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир жимма юхаваьлла стохка шен хиллачу финансийн позицешна. ДIадаханчу шарахь цо даьккхина 4 млн 43 эзар сом – 900 эзар сом кIезиг. Цуьнан долахь лаьттан дакъа ду 2992 еакIов метр, ткъа лелош ю ши петар (327,7, 64,5). Къилбаседа Кавказерчу лидершна юкъахь шен долахь кема долуш Васильев цхьаъ бен вац. Цуьнан декларацехь гайтина ду Bella 561 HT хIордан кема а, лайлахула лела машен а, кира дIасалело варда а.

Бисинчу куьйгалхошна хилла пайда дIоггара боккха бац, шеран жамIашца уьш миллионераш хиллехь а. 2019-чу шарахь Мангалан-баттахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хIоттийначу Калиматов Махьмуд-Iелас даьккхина 1,5 сов миллон сом. Цуьнан долахь ю петар а (80,4 еакIов метр), Audi Аllroad машен а.

ГIебартан-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека даьккхина 1,42 млн сом. Iедалхочун долахь ю 99,3 еакIов метр барам болу петар. Кхин цхьа петар (152 еакIов метр) а ю цо лелош. Оццу хьелашца цо лелош ду 607 еакIов метр лаьттан дакъа а, хIусаман дакъа а (408 еакIов метр). Калиматов дIасалела Toyota Camry машенахь.

Къилбаседа Кавказера уггар "къен" куьйгалхо нисвелла Кхарачой-Чергазийчуьра Темрезов Рашид. 2019-чу шарахь деллачу цуьнан алапан барам бу жимма тIехъэккхаш 1 миллион сом. Темрезовн долахь цIа а ду (522,9), иза тIехь лаьтта лаьттан дакъа а ду (758), ткъа иштта "ГАЗ-21" (Волга) машен а ю.

Испанехь хIусамаш а, даймахкахь латтанаш а

Къоьла хьогуш бац Къилбаседа Кавказерчу республикийн цIарах болу Пачхьалкхан Думан депутаташ. Оьрсийчоьнан футболан тобан тренер хилла Думан къаьмнин гIуллакхашкахула комитетан гIантда Газзаев Валерий жимма тIаьхьависна Кадыров Рамзанал а. Цо шен декларацехь гайтина 147 миллион сом - 10-зза сов лурчах хиллачул а. Газзаевс шен декларацехь хьахийна ду Испанехь долу цхьаъ 1000, ткъа важа 307 еакIов метр майда йолу 2 цIа, ткъа иштта 1511 еакIов метр лаьттан дакъа а. Цо лелош ю петар а (207), Mercedes Benz S 400 4Matic машен а.

Газзаевна тIаьхьа ву Дагестанан цIарах депутат Умаханов Умахан (23,2 млн сом). 2018-чу шарца дуьстича, цуьнан хьал дебба 5-зза. Умахановн зудчо даьккхина 30 миллион сом. Оцу шиннан ду кхо цIа а (царах цхьаъ Испанехь), лаьттан дакъа а - 1185 еакIов метр.

Уггар хьал долчу Думан депутех кхоалгIа ву ГIалгIайчуьра Газгириев Юшаъ – 12,4 млн сом. Цуьнан ду лаьттан 4 дакъа а (ерриг а 5080 еакIов метр), даздарш дIахьо хIусам а (3869), 883 еакIов метр коттедж а, 48,6 еакIов метр кхин цхьа цIа а, Mercedes-benz S500 4Matic машен а.

Юккъера схьаэцча, Думерчу депутаташна 2019-чу шарахь хилла са ю 5-6 миллион сом барамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG