ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иегован Тешаш" олучу динан тобанера нах бу лоьцуш Къилбаседа Кавказехь


Ростовхь кхелан сацамца лаьцна "Иегован Тешаш" олучу динан тобанера 11 стаг, хаийтина "Кавказский узел" газето.

Динан оцу тобанера нах лецарца Ростов-махкал а хьалхаяьлла Ставрополь – цигахь 16 бехктакхаман дов гIаттийна "Иегован Тешашна" дуьхьал.

Оьрсийчохь йихкина йолчу оцу сектин декъашхойх ялх лаьцна Краснодар-махкахь, пхиъ – Волгоград-махкахь, Астраханехь а, Дагестанехь а – виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а – цхьацца.

  • Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело "Иегован Тешаш" юкъаралла экстремистийн могIара язйина 2017 шарахь. Кхаа шера чохь лецна дуккха а сектанташ.
  • Оьрсийчоьно "Иегован Тешийн" хьокъехь бина сацам емалбина бакъоларъярхойн цхьаьнакхетараллаша а, керста а, бусалба а нах алссам бехачу дуккха а пачхьалкхо а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG