ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба ХIирийчоьнан прокуратуро довзийтина мехкан полицин министранна кIелоярх дерг


Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан Инарла прокуратурера талламан урхалла а, полици а, къайлах сервис а (КГБ) толлуш ю мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Наниев Игоран машенна герзаш тохар, иза вен гIортар, хаам баржийна прокуратурин пресс-векалто.

"Марсхьокху-беттан 22-23-чохь дIаяьхьначу талламан операцешкахь карийна 10 сов маса топ, массех хIоъ, лелха коьчалш, 3 эзар сов патарма, баккхийчу барамашкахь наркотикаш", - яздо "Рес" портало, прокуратурерчу хьасташна тIе а тевжаш.

  • Марсхьокху-беттан 17-чохь Цхинвалин Московски кIоштахь, тесна лаьттачу гIишло чуьра герзаш диттира уллехула тIехйолучу чоьхьарчу гIуллакхийн министр Наниев Игорь чохь волчу машенна. Лазийна вац цхьа а.

Текстехь нисъяла тарло ша-шех пачхьалкх дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчохь лелош йолу меттигийн цIерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG