ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчохь 1-чу а, 11-чу а классашкара бераш бен дуьтур дац школашка Дешаран Де даздан


Коронавирусах бераш Iалашдеш, 1-чуй, 11-чуй классашкара бераш бен дуьтур дац Дешаран Де даздечу школашкарчу барамашка ГIалмакхойчохь. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига мехкан дешаран министран гIовса Санджарыков Германа.

"Бераш арахь, мохехь гулдийр ду Дешаран Дийнехь дакъалаца. Оха доьхур ду дай-наношка, гергарчаьрга, масканаш лелор а, берашна юьстах совцар а. Цул тIаьхьа догIур ду школе кхечу классашкара бераш, Толаман 75 шо кхачар билгалдоккхуш, классаш чохь дарс дIахьор ю царна. Амма дукхахйолчу классаша и болх онлайн кепехь бан лерина", - элира Санджарыковс.

  • Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь мехкан куьйгалхочо Хасиков Батус арахецначу омрано доьхку ГIалмакхойчохь адам гулдеш барамаш хIитто. Школашна магадо берийн хьалхара гуламаш вовшахбетта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG