ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 6 стаг, цомгуш хилла кхин а 406


Дарбан хIусамашкара 6 пациент велла коронавирусах, 406-нна ун кхетта Къилбаседа Кавказехь дийнахь буса, хаам бо уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан Оперативан штабо.

Краснодар-махкахь кхелхина кхо пациент, Ставропол-махкахь – шиъ, Адыгейхь – цхьаъ. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, штабан хаамца, 1127 стаг.

Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хилларш:

  • Ставропол-мохк +127 (11 247)
  • Краснодар-мохк + 86 (10 681)
  • Дагестан +65 (10 586)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +30 (4860)
  • ГIалгIайчоь +27 (4232)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +19 (6377)
  • Адыгей +19 (3273)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +17 (4804)
  • ГIалмакхойчоь +9 (3784)​
  • Нохчийчоь +7 (2240)

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилла лору официало 61 695 стаг. 966 189 ду и терахь ерриг а Оьрсийчохь.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG