ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь Оьрсийчуьрчу а, Туркойчуьрчу а эскархойх лаьттачу ханна тIелетта нохчий


"Катаиб Хаттаб аш-Шишани" цIе йолу экстремистийн тIеман тоба тIелетта Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а эскархойх лаьттачу ханна, хаам баржийна Regnum агенталло.

Хьасто "нохчийн тIемалой" аьлла, кхин цхьа а тоьшалла а доцуш, бовзуьйту тIелатархой. Гарехь, цо юьйцург ю Нохчийчохь 2002-чу шарахь кхелхинчу СаIудийн Iаьрбийчуьрчу амиран Хаттабан (Самер Салехь ас-Сувейлем) цIарах йолу тоба.

ТIелеттачара йохийна гIагIадиллина транспортер, билгалдоккху "Лента.ру" портало.

  • Хьалхо баьржинчу хаамца, Шемахь вийна Оьрсийчуьра тIеман хьехамча, инарла-майор, шинна чевнаш йина.
  • Идлибехь Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан ханна а дира тIелатар деношкахь, лазийра Оьрсийчоьнан тIеман полицин ши белхахо, ГIалгIайчуьра вара и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG