ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организаци (UN): Юккъерчу Азера а, Нохчийчуьра а схьабевллачу наха терроризман машанаш бу кхуллуш Европехь


Европехь "Юккъерчу Азера а, Нохчийчуьра а схьабевллачу нахах лаьтта террористийн машанаш бу кхоллалуш", - аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретаран гIовса, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Контртерроран урхаллин куьйгалхочо Воронков Владимира оцу хьукматан пресс-центро даржийначу шен дIахьедарехь.

Масал далош, дIахьедарехь хьахош ду цхьана Европерчу пачхьалкхехь Таджикистанера схьабевлла нах лецар. Уьш бехкебора тIелетарш дан кечбаларна а, оцу зуламна юкъа мигранташ ийзорна а.

Ша далочу кхечу масалехь Воронковс хьехабо узбекех вовшахкхета кхин цхьа маша а, цуьнан декъашхой бехкебо терриризманна ахча латторна.

Кхеташ дац, дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетараллин Инарла секретаран гIовса, Оьрсийчуьра волчу Воронковс, хIун бахьаница аьлла, Европехь терроризман машанаш кхуллучаралахь нохчий а бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG