ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный бахьанехь Оьрсийчоьнна сакцеш кхайкхо мега Америко


Шинарин дийнахь Москвахь цхьаьнакхетта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран хьалхара гIовс Биган Стивен а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а

Оьрсийчоьнан оппозицин жигархочунна Навальный Алексейна дIовш делла аьлла, Германерчу медикаша-эксперташа бинчу юьхьанцарчу къастамаша сагатдойту Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка. Нагахь санна и хаамаш бакъ нислахь, Цхьаьнатоьхна Штаташ кийча ю Европан Берто кIоргга талламаш барехьа бина кхайкхам тIеэца а, таллам беш дакъалаца а. Иштта маьIна ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан сайтехула оцу хьукматан куьйгалхочо Помпео Майкла даржийна дIахьедар.

Навальныйн доьзалан а, Оьрсийчоьнан халкъан а бакъо ю массо а агIор, къайленаш а йоцуш, хилларг довза а, бехкенаш жоьпе беха а. Тхан дог-ойла Навальный Алексейн доьзалца ю, оха сатуьйсу цуьнан могашалла юьззина меттахIоттаре, боху Пампеос Марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь динчу дIахьедаро.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло комментари арахецна Оьрсийчоьнан дипломатин хьалханча Лавров Сергей а, Американ Штатийн Пачхьалкхан секретаран гIовс Биган Стивен а цхьаьнакхетарх лаьцна. Цхьана декъанна цигахь боху, Оьрсийчоьне хьакъ доллу сацам бийр бу, нагахь санна Навальныйна дIовш делла хилар бакъ хилахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG