ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах дийнахь-буса 10 стаг велла, 463 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь уьнах велла 10 дархо, мехкашкахь цомгуш хилла а кхин а 463, боху Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан статистико.

Ставропол-махкахь а, Краснодар-махкахь а кхелхина кхоккха пациент, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а – шишша. Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа велла коронавирусах 1137 стаг.

Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш:

  • Ставропол-мохк +114 (11 361)
  • Краснодар-мохк + 90 (10 771)
  • ГIалмакхойчоь +72 (3856)​
  • Дагестан +65 (10 651)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +38 (4898)
  • ГIалгIайчоь +24 (4256)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +20 (6397)
  • Адыгей +18 (3291)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +17 (4821)
  • Нохчийчоь +5 (2245)

Къилбаседа Кавказехь верриг а коронавирусах цомгуш хилларг ву, официалан статистикаца, 62 158 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчоьнан терахь ду 970 865.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG