ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало хила тарлуш волу стаг вийна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштарчу Iаьли-Юьртахь лерина операци дIахьош бу Iедалан ницкъаш – эскархоша лоьху тIемалой. Иштта бу ницкъхойн урхаллерчу хьостанаша Кавказ.Реалиига бина хаам.

"Ши тIемало хаавелла цхьана урамехь ФСБ-на, тIематасадалар иккхина. Герзаш кхуьйсучу юкъанна вийна цхьа тIемало. Ша лазийначул тIаьхьа цо эккхийтина шех йоллу бомба, аьлла ю цхьа верси", - дуьйцу хьостано.

Карарчу муьрехь шолгIа тIемало лохуш бу ницкъхой.

  • Марсхьокху-беттан 23-чохь ГIалгIайчуьрчу Обарг-Юьртахь дIаяьхьначу тIеман операцехь вийра амиран Бютукаев Асланан тобанера хила тарлуш волу кхо тIемало.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдаккхарца, тIемалой бу, олий, кхеле балочу наха дукха хьолехь тоьшаллаш до шайгара дареш етташ даьхна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG