ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иваново-махкара Нохчийчоьнан векал лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Иваново-махкара векал Эдильсултанов Iиса лаьцна, меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, "хьарамлонаш лелорна а, тоьшаллаш харцхьадахарна а".

Эдильсултановца цхьаьна лаьцна кхин а пхи стаг: цуьнан ши ваша а, юрист а, цуьнан бухгалтераш а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Иваново-мехкан урхаллерчу пресс-векалто, Талламан комитетан белхахошкара хаа тарло хилларг, элира Кавказ.Реалиига. Ткъа оцу мехкан талламан урхаллин векала Котова Иринас дош делира, материалаш Iораяха йиш ма-хилла, йовзийта редакцина.

Ивановорчу Къаьмнийн ХIусамехь хууш дацара лецарех дерг, "нохчийн векалш юкъарчу барамашкахь наггахь а хуьлуш бацарна". Нохчийчоьнан векалтан белхан меттиг стенгахь ю а ца хаьа шайна, элира оцу юкъараллерчу белхахоша.

  • Хьалхо баьржинчу хаамца, аннекси йинчу ГIирмера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовс Саидов Мурад полицино тергоне ийцира, махкара дIасавалар а доьхкуш. Иза декъахь а волуш, бизнесца доьзна дов иккхира ГIирмехь.
  • Москвахь талламо ши шо хьалха бехктакхаман гIуллакх гIаттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векална Цицулаев Рамзанна дуьхьал. Стаг вадорна а, полицин белхахошна тIелатарна а, цхьацца хьарамлонаш лелорна а бехкевора иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG