ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокатан Хасавов Дагиран дов ду хоттуш Москвахь


Москварчу Измайлово кIоштарчу кхело Нохчийчуьра (Гуьмсан кIошт, БоргIане) схьаваьллачу адвокатан Хасавов Дагиран дов хоттуш левина эшам хилларг. Адвоката тоьшаллаш лаамза дайтина цуьнга, чIагIдо талламо.

Дагестанехь хьаькамаллехь Iийначу Гамидов Iабдусамадан а, Юсуфов Раюдан а дов хоттучу кхелехь теше харц дареш дайтина Хасавовс, аьлла бу цунна тIебаьхьина бехк.

Гамидов а, Юсуфов а бехкевора ХIинжа-ГIалахь набахти йилла делла 41 миллион сом доладаккхарна. Эшам хилла лоруш яра махкара гIишлошъяран министралла, ткъа юьхьанца цуьнан векал вара девнехь Хавчаев Артур. Хавчаевс хилла дац министраллина зен, элира кхеле, цул тIаьхьа иза хуьйцуш, Фатуллаев Арсен ваийтира векал.

Талламчаша бахарехь, теше Фатуллаевга харцдерг дийцийта гIиртина Хасавов. Тоьшаллина бухабуьллу талламо Юсуфов Раюдан воIе Вадиме адвоката телефонехула бахьийтина масех аудиохаам.

  • Гамидов Iабдусамад а, Юсуфов Раюдин а бехке а вина, 6,5 а, 5,5 а шераш хенаш а тоьхна, набахте хьовсийра кхело.
  • Стохка гурахь Москварчу Лефортоворчу кхелан хIусамехь лецира Хасавов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG