ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарахь меттигерчу вахархочун машен эккхийтина


Селхана сарахь долара машен эккхийтина ГIалгIайчуьрчу Несарахь меттигерчу вахархочун Халухаев ИбрахIиман. Несар-Коьртан урамехь иккхина машенна буха латийна хилла куьйга йина бомба.

Пассажиран гIента буха йиллина хилла оьккхург, амма иккхина иза машен еса лаьттачу хенахь.

"Халухаев полисхошна а, эскархошна а дуьхьал терроран зулам дарна набахти текхна ву хьалха. Ша мукъаваьлча, таксица напха доккхуш вара иза", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

Нехан бахам хIаллакбарна а, кхераме коьчал кечъярна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина ГIалгIайчоьнан прокуратуро.

  • Де хьалха Несаран кIоштарчу Iаьли-Юьртахь амиран Бютукаев Асланан тобанера хила тарлуш волу тIемало ву, аьлла, стаг вийра Iедалан ницкъаша леррина операци дIахьош.
  • Бютукаев Аслан вина 1974 шарахь Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь. Масхадов Асланан куьйга кIел вара иза. Кавказ Имарат кхоьллинчу Умаров Доккица 2010-чу шарахь ийгIира Бютукаев, амма тайра тIаьхьо. Умаров кхелхинчул тIаьхьа (2013-чу шарахь) хIоьттира нохчийн гIаттамхойн коьрте. Дуккха хан яра иза вуьйцу хезаш воцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG