ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Далла гергахь а, сайн къомана а, дена а хьалха а со цIена ву". Махкахь шен нах хьийзорах дуьйцу Масхадов Анзора


Ичкерин президентан Масхадов Асланан воI Масхадов Анзор

Масех кIира хьалха Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIанта, Масхадов Анзора дIахьедира, Нохчийчохь бехачу шен гергарчу нахана Iедало тIеIаткъамбарх. Цо дийцарехь, кадыровхой баьхкина, цара бехкаш даьхначул тIаьхьа кхелхира цуьнан къена ненаваша. Масхадовс дийцина, меттигерчу телехьожийлехь шайн пропагандийн программашкахь Iедалхоша шен гергарчу нахах пайдаэцарх.

Масхадов Асланан йишин кIант, президентан хадархо хилла волу Хаджимурадов Висхан декхаре вира "Грозный" пачхьалкхан телевизионехь дIахьедан, "тIамах Европе бевддачу" Ичкерин лидерийн ямартбовларх.

Масхадовн го бехбан бертаза тIедожийнера цунна аьлла, тешна ву Анзор. Делахь а, Хаджимурадов нуьцкъаша телехьожийле валийнера бохург - бакъ ца дира телеканало. Иштта шен нахана тIеIаткъамбан болийча, Нохчийчуьру Iедалхошка видео тIехь вистхилира Масхадов Анзор. Шен нах ма хьебе бохура цо.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо дийцина, шайн цIийнах болу цхьаберш Нохчийчуьра дIа стенна ца бахана а, Оьрсийчоьнца Нохчийчоьнан хиллачу шолгIачу тIамехь ша дакъалаьцна дац бохучу нахана ша лучу жоьпех а.

- Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан Iедалхошка вистхуьлуш ахь дийцира, хьайн нах цара хьийзабо аьлла. Ткъа "Грозный" каналан сюжетехь ахь шолгIачу тIамехь дакъа ца лаьцна аьлла, хьайна критика йича, хьайн деца хиллачу къамелан аудио нахала яьккхира ахь. ХIун Iалашо йолуш дира ахь иза?

- Сайна а тIехволуш, айса сайна тоьхна дозанаш а дохош, иштта кIеда вистхила дийзира сан. Дукха ларвеллера со цунах. Стохка дуьйна буьйлабелира уьш (кадыровхой) сан цIе яха а, со бехван а. Цара тидаме озийнарг хIун ду аьлча, шолгIачу Нохчийчохь боьдучу тIамехь ас дакъа лаьцна дац бохург. Церан пропагандийн цхьа метод ю иза. Шен доьзал Малайзи дIахьажийна бохуш, сан дегара бехкаш дохура Кадыровс-воккхахволчо. Цхьа шой, ах шой бен ас цигахь даьккхина дац. Цул тIаьхьа Iарбойн Эмираташкахь а, Туркойчохь а, Бакухь а ваьхна со. Оцу соьгара бехкаш дохучу нахах цхьа а хилла вац хьалхарчу тIамехь. Со хIетахь даим а вара сайн дена юххехь. Суна атта ду оцу харцдолчунна дуьхьал латта. 2004-чу шарахь сайн деца хиллачу къамелан ролик ю ас зорбане яьккхинарг. Цигахь боху ас, суна дена уллохь хила лаарх (шолгIа тIом боьдучу заманчохь), иштта цо сайна делла жоп а Iорадаьккхина. Хьалхо ас кхин аудио а йовзийтира, суьрташ хIиттош. Цу тIехь бохура дас, хьалхарчу тIамехь а санна, шолгIа тIом боьдуш а шеца со цхьана хила лаьара аьлла.

Аудион фрагмент

Масхадов Аслан: Делера салам-маршалла хьулда хьуна, Анзор! Соьга кхечира хьоьгара диск, суна хезира, хьо соьца хила лууш вуйла а. Некъаца чолхе хир ду. Кхераме а ду. Ас айса а йина цунах лаьцна дукха ойланаш. Хабарш а,эладиташ а совцалур дац. Президентана гонах уьш даим а лаьттина ду.

Оцу хенахь телефонаш етта кхераме дара, цундела кассеташкахула юьхьанца къамелаш дора охашиммо, тIаьхьо флешка юкъаелира. ХIинца къайле яц иза, дийца мегар ду. Жигара иштта къамелаш дан волавелира со 2002-чу шарера схьа дуьйна. Почта дIасакхоьхьу нах бара тхойшиннан зIе латториш. Соьгахула чекхйолура хIора а кассета. 2000-чу шерийн юьххьехь со Азербайджанехь йа Туркойчохь хуьлура. Соьгахула хабарш дIасатухура дас Закаев Ахьмаде а (Ичкерин вице-премьер хилла ву- редакцин билгалдаккхар), Ахмадов Илесе а (арахьарчу гIуллакхийн министр - редакцин билгалдаккхар), иштта кхинболчаьрга а. Иштта соьгахула юха дега жоьпаш а дIакхачадора.

Тоьшаллин кехат: I99I-чу шарахь кхоьллира, инарлас Дудаев Дхжохара куьйгалла ден Нохчийн Республика Ичкери. Оьрсийчоьнан президент хIоьттинчу Ельцин Бориса чолхечу хьолан раж кхайкхийра республикехь. I994-чу шарахь Соьлж-ГIалина тIелетира. I99I-чу шеран Охан-беттан 2I-чохь ракеташ тоьхна, вийра Дудаев.

1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира, Ичкерина маршо луш, амма территорина статус яларх хаттар дIатеттира 2001-чу шаре. 1996-чу шарахь президентан дарже шен кандидатура кховдийра Масхадов Аслана. 1997-чу шеран юьххьехь цо толам а баьккхира харжамашкахь. Ткъа шолгIа тIом боьдучу заманчохь Масхадов къайлавелира, Соьлж-ГIала федералан эскарша дIалаьцча. 2005-чу шарахь вийра иза, Доьвкарахь дIаяьхьначу леринчу операцехь.

- Ахь дийцарехь, етташ, лечкъош, кхерамаш туьйсуш лелийна хьан гергара нах дIа стенна ца бахара уьш Нохчийчуьра?

- Массеран а ма яц дIаваха таро. Цу тIе, сан гергара нах, кхинберш а санна, цхьа миска нах бу. Хьанал къа а хьоьгуш лелла нах. Со теша, Нохчийчуьра маьршачу, шайна тIехь ницкъ бийр боцчу мехкашка дIагIур болуш дуккха а нах хиларх. Амма шайн орамаша а, аьттонаш цахиларо а сецабо уьш.

- Тахана муха хене буьйлу хьан нах, муьлхачу меттигашкахь белхаш беш бу уьш?

- Ма дукха хан ю со цаьрца зIенера ваьлла. Со кхоьру, царна сайгара зен хиларна.

- Ютубехь ахь арахоьцу видеош муха тIеоьцу Iедалхоша?

- Дика хир дара, уьш зорбане йохучу хьоле со цара воккхуш вацахьара. Амма суна хаьа, цара хIинца кечдийриг а, дендерг а хIун ду. Кадыровн раж ялхош мел болчу Европерчу блогерийн дахарна кхерам бу. Со шайн долара воккхуьйтур ву сан нахе, иштта гойту цара, шаьш стенна гунахь ду.

- Хьан ден хилла хадархо вистхилла "Грозный" телеканалехь. Зорбан министро Дудаев Ахьмада боху, и цуьнан шен лаам бара. Муха кечйинера цара шайн эфир хаа таро хилирий хьан?

- ХIан-хIа, рогIера аьшпаш бу уьш. Яцара иза цуьнан инициатива. Ишта ца дийцина, кхин хIун эр дара цара, шайн бехказлона?

- Хьуна хетарехь, 2000-чу шерийн юьххьехь тIамехь ахь дакъа ца лацаро, бина цхьа а хийцам буй?

- Суна хетарехь, со цигахь хиллехь а, хийцалур долуш хIума дацара. Со а вийна хир вара, вицвина а хир вара. Сан дахарехь уггар а чолхе хилла мур бу иза. Даймахкана а, гергарчарна а, дена а генахь хилар -хала хIума ду и. Цхьацца бахьанашца кхоазза гIоьртира сан да, со ша волчу дIавига. Амма хIоразза а ца нислора. ХIетахь Ичкерин лерина векал санна болх беш вара со. Шех дIакхета суна атта доцийла а хиина, со мостагIчун караваха кхерам а латтарна, президенто информацин-аналитикан центран куьйгалхо хIоттийра со. Сайн ден омра ца дохош сххьавогIу со тахана а, бакъдарг даржош. Далла гергахь а, сайн къомана а, дена а хьалха со цIена ву. Оцу пропагандисташ хила гIертачу наха дуьйцчучо шайх сан къа хоьтуьйту.

- Нагахь санна, Масхадов Аслан вехь а, цуьнан метта хьо хила тарло бохург дуьйцуш а дарий хIетахь?

- ХIан-хIа, президент харжамашкахь къасто везаш ву вай долчахь. Конституци а, низамаш а дара тIеэцна. Дарж схьаэцна, кхечуьнга кховдо йиш йолуш дац. Президент вийначул тIаьхьа, цуьнан метта хилира Садулаев Iабдул-Хьалим. 2006-чу шарахь аьхка тIамехь вийра иза а.

- Цхьаболчу хьан ден агIончаша а, дуьхьалончаша а олу, дукха тIех кIеда лидер вара Масхадов Аслан, цундела Оьрсийчоьно гIо латточу оппозицино хьал дохадора бохуш. Ткъа ницкъе йолу тобанаш юкъ-кара бандаш санна лелара.

- Бакъду, шен къомаца кIеда вара иза, къам дезарна а, цуьнца ларам хиларна а. Цунна дукха дезара нохчийн къам, тхоьга цIий ца Iанадайта, шен ницкъ мел берг дира цо. Цхьа кхетам боцу, ямарт волчу стагана бен луур дац цIий Iано. 1996-чу шарахь хьалхара тIом бирзича, шолгIа а чугIорта планаш хIиттош яра Кремл. Амма царна оьшург бахьана дара. Тхо декъа гIоьртира уьш, вовшашна дуьхьал даха, амма оха ца дира царна луург. Кадыров Ахьмад а, Ямадаев Сулим а, кхинболу а тIехьехархой боллушехь. "Нохчийн Дагестане гIортар" аьлла, йоккха операци дIаяхьа лаам хилира. Басаев цига вахале дуьйна а, тIемаш бара цигахь дIахьош. Цигарчу тобанхоша гIо дехна вахара иза, воьдушшехь а. Шен лаамехь.

ТIех кIеда вара бохуш, Масхадовна луьйчу нахе ала ду сан: тIом а беш, ша валлалц дIа муха гIертар ву кIеда стаг?

Тоьшаллин кехат: 1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь Басаевн а, Хаттабан а тобанашкарчу эзар гергга гIаттамхочо тIелатар дира Гигатли олучу юьртана. ШолгIачу дйинахь Агвали эвла а кхечира уьш. Оццу шеран 6-9 чу а деношкахь тIемаш баьржира Ботлихан кIоштахь - рейдан декъашхой Ансалт, Рахат олучу ярташна чубахара. Талламчийн зерашца, 33 Оьрсийчоьнан эскархо вийра цигахь, чевнаш йира 34-нна. Оцу хиламашкара схьа болабелира Нохчийчохь шолгIа тIом. Масхадов Аслана емалдира Басаевн чугIортар.

- Кадыров Ахьмадца цхьана суьрта тIехь муха нисвелла хьо?

- 1996-гIа шо дара иза, тIом а бирзинера. Инарлаца Лебедь Александрца Хасу-Юьртахь сайн ден хилла цхьанакхетар дIаяздеш вара со. Бертан кехаташна куьйгаш яздан гулбеллера цигахь. Цхьммо цигахь даьккхина хиллера и сурт.

- Кест-кеста дийцаредо, Ичкерин Конституцино официалехь тIеэцнерий-те шариIат бохург.

- 1999-чу шарахь Басаев а, кхинболу буьйранчаш а лууш бара махкахь шайн цIарах шариIат кхайкхон. Динца ловзар санна хIума дара иза. Сан деца оппозици баханера уьш. Хьо Кремлаца бертахь ву, церан лаамца лелаш ву, хьо динна а, шарIина а дуьхьал ву бохуш, иза ир-карахIоттон гIертара уьш. Сан да дика кхетара, хIетахь шолгIа а Ичкерина тIелата кечам бечу Кремлна, цу кепара барт эгIар пайден хир дуйла.

Массо а бусулба стаг шарIехьа хила везаш ву, тхан дино хьоьху ишта. 1999-чу шарахь Масхадовс дIакхайкхийнера шарIа. Бакъду, хаамийн гIирсашкахь тIаме кхайкхамбар санна, дуьйцу.

Ша дара, нагахь санна, божарий а, зударий а жихIаде кхайкхинехь, 1994-чу шарахь Кадыров Ахьмада санна. Амма, Оьрсийчохь цунах лаьцна хьехо ца лаьа.

-Норвегехь муха нисвелла хьо?

- Тхан доьзал Туркойчохь дIатарбеллера. Тхо дика тIе а ийцира цигахь, тхох кхета а кхетара. Да вийча, Азербайджане дехьадевлира тхо. Iарбой пачхьалкхаш Оьрсийчоьнца доттагIаллехь ю, цундела, цигахь совцийла а дацара. Эххар а, 2006-чу шарахь Норвеги кхечира тхо. Кхузахь йоккха диаспора ю, вовшашца уьйраш ю тхан, махкахошца цхьана а деттало.

- Махкахошца вовшахдеттадалар синтеме дац, тIаьххьара блогерш бойъуш, тIелетарш дан долийчхьана. Масала, вийра Кадыровн критик Мансур Старый, Венера Анзор, тIелетира Абдурахманов Тумсона.

- Со адам дезаш стаг ву, дахарна кхераме долу хIума а деза суна. Амма, дагахь хIума доцуш хила мегар дац, цо тешнабехк бо. Цундела, со даим а ларло, ойла йо, лаа дуй-те цуьнан соьца зIе лехар олий. Кхерам буйла хаьа суна.

- Путин ца хилахь, Нохчийчуьра хьал муха хир ду олий, ойла хила а хуьлий хьан? Йа Кадыров ца хилахь?

- Тахана хIоттийнарг вацахь, цуьнан метта кхин карор ву. Иза саннарг, йа цул а оьшург. Камера хьалха а хIиттабой, нах сийсазбен Кадыров саннарг карор ву. Ткъа Путин ца хилахь, Оьрсийчоьнан шанс ю, шайн бакъонаш юхаметтахIиттон, кхечаьрга Оьрсийчоь кхин тIе а хIаллак ца яйта. ХIинца а дац тIаьхьа. Путин ца хилахь, цуьнца боьзна зуламе нах а хир бац, нагахь санна, цуьнан метта цхьа бакъахьарниг вагIахь.

- Шена суверенитет еллехь, муха ехар яра Нохчийчоь?

- Оьрсийчоьнна гIоле дара тхуна маршо еллехь. Тахана кхийдош йолу хуьскаш яла а дезар дацара. Тхуна-м даха хаа ма хаьий. Хьалхара тIом болабалале дукха дика дехаш дара тхо. Жима бизнес а лелош, кхечу пачхьалкхашкара хIума а оьцуш, бехара нах. Тхайн ма-хуьллу хене дуьйлура, пачхьалкхе йоьхуш хIума а яцара. Дуьненаюкъарчу йохка -эцаре довла таро яра тхан Гуьржийчухула. Нагахь санна, Оьрсийчоьно "боккха Китайн пен" хIоттийнехь а, тхуна атта хир дара.

***
Ичкерин а, оьрсийн-нохчийн хиллачу тIемашкара документалан тоьшаллаш Iалашдеш, зорбане доху Масхадов Анзора. Карарчу заманчохь шен дех лаьцна шолгIа книга арахеца хьийза иза. Хьалхара "Борец за свободу. Мой отец - чеченский президент" аьлла, цIе тиллинарг арахийцира 2010-чу шарахь.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG