10 стаг дарбан хIусамашкахь коронавирусах кхелхина, 448 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь, боху Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.
Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь дарбан хIусамашкахь велла кхоккха пациент, Дагестанехь а, Г1алмакхойчохь а – шишша. 1447 стаг ву пандеми кхайкхийначу берриг а муьрехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велларг.
Иштта ду дийнахь буса т1екхиина а, юьхьанца схьа долу а уьнхойн терахьаш:
- Ставропол-мохк +120 (11 481)
- Краснодар-мохк + 86 (10 857)
- Дагестан +65 (10 716)
- ГIалмакхойчоь +57 (3913)
- Кхарачой-Чергазийчоь +39 (4937)
- ГIалгIайчоь +21 (4277)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +20 (6417)
- Къилбаседа ХIирийчоь +19 (4840)
- Адыгей +17 (3308)
- Нохчийчоь +4 (2249)
Ерриг а хенахь коронавирусах цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь 62 606 стаг, боху Iедалан статистико.