ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасу-Юьртахь хIоллам боьгIна уьнах беллачу лоьрашна. Йиъ цIе бен а яц тIеязйина


Дагестанерчу Хасу-Юьртахь, ТIеман Сийлаллин Борза тIехь хIоллам хIоттийна кхушара коронавирусах беллачу меттигерчу лоьрашна.

Хасу-Юьртарчу дарбан хIусамехь болх бинчу кхаа медйишин а, цхьана лоьран-инфекционистан а цIерш ю тIеязйина.

Ткъа 60 медик ву гергарчара а, коллегаша а дузуш долчу Дагестанерчу лоьрийн «Иэсан тептарахь».

COVID-19 уьнах белла лоьраш юьхьанца дуьйна лоьруш схьавогIучу «Черновик» газетерчу журналиста Магомедов Мохьмада а элира, шегарчу тептарахь а ву 50 сов стаг, аьлла.

Коронавирус кхетта беллачу медикийн Дагестанан могашаллин министралло ши бутт хьалха Iарадаькххина терахь дара 40 сов.

  • Карарчу ханна официало ялочу статистикаца а догIуш, Дагестанехь дийнахь-буса коронавирусах цомгуш хилла 65 вахархо. Юьхьанца схьа ун хьакхаделларг ву махкахь 10 718 стаг, велла царех 489. Амма оцу статистика юкъа ца богIу «дарбан хIусамашкахь белла боцу пневмоник хетта нах».

XS
SM
MD
LG