ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Белоруссина эшча юкъаяьнйолу ницкъхойн тоба кхоьллина Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедарехь, Белоруссина гIо эшча юкъаяьнйолу резер кхоьллина Оьрсийчоьно шен ницкъхойх. Цо бахарехь, цкъачунна дац Белоруссехь и тоба оьшу хьал. Иштта хета Минскехь а, аьлла Путина ша "Россия 1" телеканална интервью луш.

Оьрсийчуьра ницкъаш юкъагIоьртар бац "Белоруссера экстремистийн гIера …дозанаш а хедийна, талораш дан юьйлаяллалц", Белоруссера хьал маьршачу хоршахь листалур ду аьлла хета Оьрсийчоьнна, дIахьедина Путина.

Цо дийцарехь, ницкъийн резерв Оьрсийчоьно кечйина Белоруссин президентан Лукашенко Александран дехарца.

"Марсхьокху-беттан 17-чохь Оьрсийчоьнан Е95 а, M1 а трассаш тIехь ноьмарш йоцу, Росгвардин машенех тера йолу "Урал" а, КамАЗ а машенаш хааелла Белоруссехьа йоьлхуш", аьлла хаамаш а, видео а яржийра Conflict Intelligence Team (CIT) талламийн тобано.

  • "Медиазонина" YouTube машанехь а карийра оццу сюжетца йолу ши видео – цхьанна тIехь гуш яра М-1 трасси тIехула Белоруссин агIор йоьду КамАЗийн ковра, авторо дийцарехь, эскархой бара оцу машенашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG